Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуран хиллачу талламхочо Степанов Игора хьехна Нохчийчоьнан шахьарахь бехачу нахана, меттигерчу Калининан цIарах йолчу гIалах хоттаеллачу эвлан цIе хийцар Дайн Иэсан цIарца. 1944-чу шарахь Юккъерчу Азе хьажийначу нохчийн иэсан сий дайъар санна ду аьлла хета Степановна, Калининан цIарах и меттиг йитар.
ХIетахь Лакхарчу Советан президиуман куьйгаллехь хиллачу Калинин Михаила куьйгъяздинера "Нохч-ГIалгIайн АСССР дIайохорах" кечдинчу омрана. Оцу документа тIехь цо билгалдаьккхинера, "немцошца Кавказехь тIемаш боьлхучу заманчохь дукхахаболу нохчий а, гIалгIай а даймахкана ямартбевлира, фашисташкахьа дехьа а бевлла" аьлла.
"Ас дехар динера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Калининан цIарахчу гIаланах хоттаеллачу эвлана, нохчийн къомана тIехь, я кхечу къаьмнашна тIехь геноцид лелийна воцучу Оьрсийчоьнан вахархочун, я кхечу пачхьалкхерчу вахархочун цIе тиллахьара аьлла", - дийцина Степановс фейсбукерчу шен агIонехь.
Шен дехар Соьлжа-ГIала хьажийнера ша бохуш, кхин дIа а яздо Степановс. ГIалин Iедалхоша жоп делира шена, и хаттар листар мэрина тIехь ду, амма и дехар меттигерчу вахархочуьнгара хила дезаш ду аьлла.
"Со Соьлжа-ГIалин вахархо вац, сан мэрина тIе гIойла а дац. Калининан бехках хIаллакхиллачийн цIарах Соьлжа-ГIалара цхьаъ хьалхавер вацара-те", - яздо Степановс.
Ахматан кIоштана юкъайогIуш ю Калининан цIарах йолу эвла.