Ведана кIоштарчу "Къоьзанан Iам" туристийн комплексехь висина 435 стаг даккхий лайш дехкина. Орцанхой некъ боккхуш бу цу агIор, хаам бина мехкан орцан министралло.
"Даккхий лайш дахкарца цхьана ханна дIакъевлина бу Веданан кIоштара Къоьзанан Iома тIе воьду некъ. Цигарчу туристийн базехь висина 435 стаг. Хене бовла мел оьшург цигахь царна долуш ду",- аьлла, яздо "Грозный-Информ" агенталло регионерчу орцан министраллан информацина тIетевжина.
20 министраллан белхало а, 10 техника а ю тIеозийна, цул совнах, орцах баьхкина пачхьалкхан цIе йойучу урхаллан 62 белхахо, шайца 8 техника а ялош.
Чиллан-беттан 21-чохь Къоьзанан Iома тIехь дIаяьхьира Ерригоьрсийчоьнан "Ледниковый марафон", цу юкъахь дакъалаца баьхкинера Оьрсийчуьра 250 спортхо.