ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 26 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинчех велла 26 пациент, цомгуш хилла кхин 523 стаг.

Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх кхелхина 15 стаг, Ставропол-махкахь – пхиъ, Дагестанехь – кхоъ, ГIалгIайчохь - а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца кхелхина.

Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 7 727 стаг.

Ун кхетта нах уггаре дукха билгалбевлла Краснодар-махкахь – 156 стаг.

Краснодаран кIошт̆ + 156 (37 815 за все время пандемии)
Ставрополан мохк+ 84 (46 966)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 74 (20 703)
Дагестан + 45 (29 613)
ГIалмакхойчоь + 42 (18 836)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 42 (18 891)
Къилбаседа-ХIирийчоь+ 34 (15 583)
ГIалгIайчоь + I9 (14 673)
Адыгей + 16 (13 743)
Нохчийчоь + 11 (11 253)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-I9 цамгар билгалъяьлла 228 076 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь* Чиллан-беттан I7-чу денна коронавирус карийна 4 200 902 стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико чулоцу Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG