ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Репрессеш лайначу къаьмнийн Кхеташоно дехар дина Путине, гIалгIайн протестийн лидерш маьршабаха аьлла


Магасера митинг

Оьрсийчуьрчу репрессеш лайначу къаьмнийн юкъаралло кхайкхам бина пачхьалкхан президенте Путин Владимире, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь митингехь дакъалацарна лецна жигархой маьршабахар доьхуш.
"Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн а, динан векалийн а юкъаметтигаш Iалашъярхьма оха тIедожжийна долу дехар до хьоьга адамалла гучуяккхий, лаьцна латтош болу гIалгIайн боламан жигархой Ужахов а, Барахоев а, Мальсагов а, Чемурзиев а, Хаутиев а, Нальгиев а, Саутиева а маьрша бохуш гIо лацахьара ахь", - аьлла ду бинчу кхайкхамехь.

Авторша билгалдаккхарехь, лаьцначарлахь къаной а, жима зуда а ю. Уьш берриш а цкъа а кхеле ийзийна а бац, шайн-шайн доьзалаш а болуш, махкахь лоруш, авторитет йолу нах бу.

"Ужахов а, Барахоев а депортацехь дуьненчу ваьлла ву (кхузахь дуьйцург 1944-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а Сталинан омраца махках бахар ду). Даймехкан тIом бирзина 75 шо кхачарца доьзна мукъна а, церан доьзалех а тIом хьакхабелла хиларна, мегар дара царна дуьхьал баьхна барамаш хийца", - аьлла, комментари йитина Путин бинчу кхайкхамах лаьцна репрессеш лайначу къаьмнийн юкъараллан куьйгалхочо Халкечев Къады-Хьаьжас "Кавказский узел" агенталлана.

Президентан администраци хьажийна ца Iаш, кехат дахьийтина ишта Лакхарчу кхелан урхалхочуьнга Лебедев Вячеславе а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а, Къилбаседа-Кавказерчу федералан гонашкарчу президентан йоллу бакъо йолчу векале Чайка Юрийга а.

Кху деношкахь Магасан кхело 10 эзар сом гIуда туьйхира республикан муфтийна Хамхоев Iийсана, стохка гурахь Iеламнехан йоьдучу кхеташонехь протестан декъашхошкахьа озарна.

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, Магасерчу митинган хьокъехь кхеле озийна ворхI стаг 2021-чу шеран аьхкенналц чохь буьтуш кхелахоша сацам барх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG