ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новгородехь лачкъийна цIа вигначу шина кIантана 15 шераш хан кхачон тарло


Нижний Новгородехь Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а лацар низаман гурашкахь ду аьлла, тIечIагIдина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Чиллан-беттан 7-чохь дуьйна бехкевеш ву и шиъ, гIаттамхошна юучуьнца гIо латтийна ву аьлла, яздо "Новая газето". 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цу шинна.

Оьрсийчоьнан "ЛГБТ-машано" бинчу хаамца, ницкъбина, кхерамаш тийсина бехкаш тIелацийтина цаьрга.

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла. ХIетте а, царех цхьа а тIевитина вац и шиъ латточу Хьалха-Мартанарчу изоляторе, боху бакъоларъярхоша.

"Оьрсийчоьно тIедахкарш кхочуш ца дина, бозуш боцу адвокаташ Салехьна а, Исмаилна а тIекхачийтина бац, тхоьгахь цхьана а кепара информаци яц, бозуш боцу лоьраш царна тIе а кхаьчна, церан могушаллех хьоьвсина аьлла. Иштта, тхуна цхьа а хIума хууш дац, уьш бух болуш Нижний Новгородехь лаьцна хиларх а",- аьлла бакъоларъярхочо Лапина Вероникас.

Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн кархь хиларх.

Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG