ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь хIора 10-гIа компани дIакъовла тарло кху шарахь


Герггарчу хьесапехь аьлча, Оьрсийчуьра хIора иттолгIа компани дIакъовла хьийза карарчу шарахь. Бизнес-омбудсменан Титов Борисан апарратан мониторинган зераш иштта ду, яздо РБК агенталло.

Бинчу хаттамо гучудаьккхина, Оьрсийчуьра жима а , юккъера а бизнес яккхий проблемаш ловш ю, пандеми марсаяьллачу муьрехь а санна аьлла. Коьрта гIайгIа ю хьашто ледара хилар.

40 процент компанийн йохка-эцарш шозза гергга лахделла. Ткъа 60 процентан кхаанне охьабаьлла хуьлу пайда, 45 процент респондентийн алапаш дIахедийна.

Бинчу талламан авторша билгалдаккхарца, Оьрсийчохь бизнес лелочийн гIуллакхаш ледара ду кху шарахь а. Шо долалучу муьрехь хеттарш динчу респондентех 3-чу декъан хуьлу са лахъелла йогIу, компанех 9,7 % шайн болх сацон дагахь бу.

Чехин пачхьалкхан Czech Airlines («Чешские авиалинии») авиакомпанино дIахьедина, тIейогIучу хенахь шайн 430 белхахо дIаваккха лерина ду шаьш аьлла, яздо Hospodarske Noviny а, Seznam Zpravy а гIирсаша. Бахьана ду, коронавирусан пандемин тIаьхье.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG