ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинчех велла 30 пациент, цомгуш хилла кхин 471 стаг.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх кхелхина 16 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша велла.
Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 7 757 стаг. Ун кхетта нах уггаре дукха билгалбевлла Краснодаран махкахь – 142 стаг.
- Краснодаран мохк+ 142 (37 957 ву пандеми яьржичхьана)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 73 (20 776)
- Ставрополан кIошт + 63 (47 028)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 43 (18 934)
- Дагестан + 40 (29 653)
- ГIалмакхойчоь + 40 (18 876)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 34 (15 617)
- ГIалгIайчоь+ 14 (14 687)
- Нохчийчоь + 12 (11 265)
- Адыгей + 11 (13 754)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-I9 цамгар билгалъяьлла 228 547 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Чиллан-беттан 25-чу денна коронавирус карийна 4 212 100 стагехь.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико чулоцу Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера хьал а.