ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин кхелахоша набахте хьажийна Нохчийчуьра веана виъ мухIажар


Францерчу Лион гIалахь цхьана шарера ворхI шаре кхаччалц набахтехь яккхийта, хенаш тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу веа вахархочунна. Уьш бехкебина, 2017-чу шарахь курдойх схьаваьлла 45 шо долу стаг верна.

2017-чу шеран Охан-беттан 1-чу дийнахь хилла ду Сен-При цIе йолчу коммунехь дуьйцу зулам, яздо францхойн зорбанаша.

ХIиттийначу видеокамераша дIаяздина, Нохчийчуьрчу бахархошна а, Туркойчуьрчу шина курдона а юкъахь иккхина дов. Коьртах дечиг тоьхначул тIаьхьа веллера цхьа курдо. Кхеле хIиттийначара дийцинера, шаьш царех лардалархьама леттера шаьш, хIунда аьлча, шаьш цхьанхьа хадархой долчу заманчохь курдой тIелеттера шайна аьлла.

ХIоранна а 15 шераш тохар дехнера бехкаш дохкучара, оцу зуламна юкъахь хIора а хилла дела. Делахь а, бехккъасторхоша церан рол цхьана кепара ца леринера. Дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа сацам бина, дечиг тоьхначунна ворхI шго тоха, ткъа цуьнца цхьана хиллачарна цхьацца шераш кхачон. Иштта кхело дихкина царна пхеа шарахь герз лелон а.

Нохчийчуьра 30 шарера 37 шаре бевлла кегийрхой бу кхеле хIиттийнарш. 2009-чу шарера 2012-чу шаре кхаччалц йолчу хеначохь баьхкина уьш Франци. Политикан тховкIело ца елла царна.

Маршо Радионо хьалхо яздира, Нохчийчуьра бахархошна Францин Iедалхоша депортацеш еш хиларх. Нохчийн диаспоран хьелаш ийгIина догIу, яхначу гурахь Мухьаммад Пайхамарна ехкинчу карикатурашна тIехула Парижехь школера хьехархо вийча. Цунна бехкевира Нохчийчуьра веана мухIажар Анзоров IабдуллахI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG