ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхойн сацамна реза цахиллачу нохчийн латархочо дIахьедина, толам баьккхинарг ГIиргIазойчуьра спортхо хиларх (+видео)


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра ММА-н латархо Абдурзаков Шадид реза ца хилла, толамхо ша къастош, суьдхоша динчу хьесапна, толам ГIиргIазойчуьрчу Нурматов Адилетна кхачабо аьлла, дIахьединера цо.

Дахначу мукъаденошкахь Нохчийчуьрчу Дойкур-Эвлахь дIадаьхьира АСА Young Eagles 17: Grand Prix турниран гурашкахь латарш. АСА-н YouTube-каналехь зорбане яьккхина оцу турнирехь дIаязйина видео.

Нурматов ган а гуш тоьлуш вара шен къийсархочул а, иза говза тIелетара когашца а, голашца а.

"Кхузахь дерриг а гуш ду! Нурматов Адилет ву толам баьккхинарг. Шен динамикехь латар гайтира цо", - бохура комментаторша, жамIаш довзийтале.

Делахь а, суьдхоша цхьа барт а хилла, толамхо Абдурзаков ву аьлла, дIакхайкхийра. Церан сацамна реза ца хиллачу Абдурзаковс ша дуьхьал хилар хаийтинера, цул тIаьхьа, суьдхошца къамел дина, гIиргIазо тоьлла хилар дIахьедира.

2018-чу шарахь йолийна Абдурзаковс спортан карьера. Карарчу хенахь кхаа латаршкахь дакъалаьцна ву Абдурзаков Шадид, шозза толам а боккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG