ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден Джон пурбанца Америко кеманашца тохарш дина Шемарчу гIишлошна


Пентагонан гIишло
Пентагонан гIишло

ГIажарийчоьно гIо а деш, латточу тIеман шина тобано пайдаоьцучу Шемарчу масех гIишлошна тIе кеманашца тохарш дина Американ эскархоша еарин дийнахь. Свобода Радионо бина и хаам.

Пентагонан пресс-секретаро Кирби Джона динчу дIахьедарца, оцу тIелатарца хIаллакйина Иракъан дозанехь хIоттийначу постана уллора масех гIишло. Пентагонерчу анониман хьосташа хаам бо, гIажарошна муьтIахь йолчу тобанаша лелош хилла контрабандан герз латтон чоьнаш яра уьш аьлла.

Дечкен-беттан 15-чохь Иракъан Къилберчу Ирбилехь масех Американ эскархо а лазош, Пентагонан цIарах болх беш хилла Филлипинера вахархо а вуьйш, цхьа могIа ракеташ тохарна дуьхьал бина бекхам бара иза. ХIетахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедира, ГIажарийчоьнна буьллу шаьш бехк, оцу динчу тIелатарна аьлла.

Еарин дийнахь Пентагонан векало дIахьедира, Шемарчу объекташна кеманашца тохарш дарца "шалха маьIна доцу сигнал" ю йоуьйтуш аьлла: Американ тIемалой, дуьненаюкъарчу коалицин декъашхой Iалашбархьама, президенто Байдена лелор долу некъаш ду уьш.

Шен агIончашца а, ишта, дуьненаюкъарчу Шемарчу коалицин декъашхошца а дийцарш динчул тIаьхьа, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Байден Джон пурбанца дина тохарш ду уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG