Дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла ГIалгIайчуьрчу митингашкахь хьалханча хилла, мехкан арахьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмад лаьцна пIерасканан дийнахь Наьсарерчу шен цIахь. 2019-чу шарахь Магасерчу акцехь къепедацарш вовшхатохарна а, полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна а шеконашка эцнера иза.
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь адвокато Беков Мохьмада билгалдаккхарехь, иза волчу меттигах оперативан хаам кхачарца лаца аьтто баьллачух тера ду.
"Цуьнан хIусамна тIехь арахьара терго латтош хилла куц ду, я иза цIахь ву аьлла, цхьаьнгара информаци кхаьчна", - дуьйцу юристо.
Дуьненаюкърачу лехамашка шеконашкахь верг ваьккхинеахь, иза лаца кхайкхаво бӀатӀаьхьа.
"Интерфаксо" яздарца, Погоров Ахьмад ГIалгIайчуьра Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарерчу изоляторе валийна.
Оцу юкъанна, Ессентукехь дIахьош ду "гIалгIайн гIуллакхца" доьзна кхечу лецначаьрга дов хаттар. Уьш бехке бина Магасерчу митингехь полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна а, экстремистийн юкъарралан декъахь хиларна а.