ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 31 стаг. Ун даьлла 526 стагана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 31 дархо, ун къаьстина кхин а 526 стагаца.

Официалан лараршца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 15 ун даьлларг, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь а пхиппа велла, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 уьнах 7 788 стаг.

Къаьсттина дукха бу цомгаш нах Краснодаран кIоштахь - 160 стаг.

Краснодаран кIошт + 160 (38 117 ву пандеми яьржичхьана)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 72 (20 848)
Ставрополан кIошт+ 103 (47 131)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 40 (18 974)
Дагестан + 44 (29 697)
ГIалмакхойчоь + 44 (18 920)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 31 (15 648)
ГIалгIайчоь+ 15 (14 702)
Нохчийчоь + 10 (11 275)
Адыгей + 11 (13 761)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар билгалъяьлла 229 073 -зза. Ерриг а Оьрсийчохь Чиллан-беттан 25-чу денна коронавирус карийна 4 223 186* стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико чулоцу Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG