ТIаьххьарчу шерашкахь дуьххьара Сочин Iедалхой реза ца хилла оппозиционер Немцов Борис дагалоцуш акци дIаяхьийта Краснодаран махкахь. Ейскера а, Сочера а жигархошна дуьхьало йина меттигерчу администрацин урхалхоша, политикан репрессеш лайначу нахана лерина адам вовшахтоьхна пикеташ хIиттаяйта, ишта, политик вийна 6 шо кхочуш иза дагалаца а.
99 декъашхо вовшахтоьхна, пикет дIаяхьийта пурба дехнера Ейскан мэрига "Яблоко" партин цIарахчу депутато Коровайный Александра. КIирандийнахь, Чиллан-беттан 28-чохь, хила езаш яра пикет Театран майданахь.
"Репрессешна а, политикаца доьзна нах байъарна а, Немцов Борис санна, дIавш даларна а, Навальный Алексейна санна, журналистана Кара-Мурза Владимирна а, Куашев Тимурна а санна, митинг дIаяхьа лерина дара тхо", - аьлла, дIахьедина Кавказ.Реалиига Коровайный Александра.
Ейскан кIоштан администрацин куьйгалхочун гIовсо Шабанов Александра куьйгъяздинчу кехата тIехь яздина ду, пикет дIаяхьа пурба ца ло Краснодаран кIоштахь коронавирусца доьзна муьлхха а барам дIабахьар дихкина хиларна аьлла.
"Чиллан-беттан 23-чохь, Ейскехь а цхьана, даздаран барамаш хIиттийра. Ейскехь хиллачу Лакхарчу тIеман авиацин доьшийлан дозана тIехь парад хIоттийра, видеош тIехь а, сурташкахь гайтарца. Цигахь дакъалоцуш бара бIе сов декъашхой, ларъеш яцара социалан дистанци а, - кхин дIа дийцина депутато. - Со кхета, и деза де дара. Амма коронавирусах тIеман барзакъо а Iалаш ма ца во. Карантин я хила еза, я хила ца еза. Я эпидемех кхоьруш цхьана а кепара барамаш ца хIиттабо вай. Я дозанаш деттар оьшуш дац аьлла, массо а кепара барамаш магабо вай".
Коровайныйс бахарехь, масех шарахь Сочин бахархоша хIоразза а акци дIахьора Немцов дагалоцуш.
"Иза дика вевза кхузахь, дозалла до изаа шайн махкахо хиларна. ТIаьххьарчу шина шарахь а администраицно могуьйтура тхуна пикеташ хIиттон, ткъа кху шарахь дуьхьало йина", - боху "Яблоко" партин векало.
Хьалхо ишта дуьхьало йира Немцов Борис дагалоцуш митинг хIоттон Краснодаран кIоштан Iедалша а, коронавирусан дозанех бахьана а дина.
2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис Москвахь. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а.
"Кху заманан Оьрсийчоьнан исторехь уггар а гIовгIане политикан бух тIехь стаг вер" дара иза аьлла, дIахьедира Европан парламенто Немцов вийначул тIаьхьа.