Кхарачой-Чергазийчоьнан цIарах сенатор хилла Арашуков Рауф талламан изоляторехь вуьтур ву, мел лахара а, Охан-беттан 24-чу дийне кхаччалц. Иза лацарна бина латкъам листинчул тIаьхьа иштта хьесап дина апелляцин кхело.
"Арашуков а, кхинболу цуьнан гIуллакхна тIехула бехкебийраш а лаьцна битар бух болуш дуй листинчу инстанцина бахьанаш ца карийна сацам хийца я юхабаккха", - аьллачу кхелан пресс-гIуллакххойн дешнаш далийна ТАСС агенталло.
Хьалхо Арашуков лаьцна вуьту хан дIаяхъеш вердикт йовзийтира Москван кхело.
Стохка Дечкен-баттахь, Федерацин Кхеташонан гуламехь а волуш, лецира Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Арашуков. Циггахь цунах лаьцна къамел дира Инарла прокурора Чайка Юрийс. ШолгIачу дийнахь тIечIагIйира иза лаьцна кхаба бакъо.
Арашуков бехкево зуламхойн тоба кхолларна а, ши стаг вен кечамбарна а.