Дагестанан коьртачу шахьарера ХIинжа-ГIалара 26 шо долу жима зуда шеконашка лаьцна, Оьрсийчохь а, кхечу дуьненан мехкашкахь а йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна ахчанаш латторна, хаам бина республикерчу талламан урхалло.
Талламчаша бахарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре гергга, Оьрсийчоьнал а арахьа ехачу цуьнга ненера кхаьчна 150 эзар сом. И ахча даIишхойн хьашташна дайъина цо, боху талламхоша.
"Зуда кхеташ хилла, Шеман дозана тIехь, низам дохош, вовшах йиттинчу тобанхошна и ахча терроран тохарш дан хьежош хиллийла", - аьлла ду талламан комитетан хаамехь яздина.
Бехкзуламан гIуллакх ду зудчунна дуьхьал долийна, 15 шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо цунна. Иза хIинца а караеана яц, амма бакъоларъяран органаш иза йолчу меттигна тIекхиа гIерта.