ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан Iедалхоша Оьрсийчоьне схьавеллачу Тумгоев Тимуран йишас бакъоларъярхошка орца доьху


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинера Оьрсийчу экстрадици йинчул тIаьхьа набахтехь даккха 18 шо тоьхначу гIалгIачун Тумгоев Тимуран йишас Тумгоева Маринас гIо дехна бакъоларъярхошка. Цо дехар до, шен ваша латточу Саратовн кIоштарчу Балашов гIаларчу номер 3 йолчу колонерчу хьолах талламаш бар. Бакъоларъяран "Мемориал" центран Кхеташонан куьйгалхочун Черкасов Александран а, "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочун Ганнушкина Свеланин а, "Машр" организацин коьртехь волчу Муцольгов Мохьмадан а цIарах ду дахьийтина кехат.

Колоне дIавоьдучу юкъанна а, номер 3 йолчу набахтехь иза тIеоьцучу хенахь а Тимурна ницкъ бина хилла, Тумгоева Маринас бахарехь, иштта новкъарло йо цунна дин лело а, камеран кепехь йолчу юкъарчу Iойле (ЕПКТ) дехьаваккха а.

Иза цига дехьаваккхарх сацам Тимур цхьана а воцуш бина бу, ткъа шаьш дина вердикт Тумгоевн кара кхачийна дац аьлла, яздо кехата тIехь.

Муцольгов Мохьмад республикерчу омбудсмене а, юкъараллан тергамчийн комиссе а, набахтешкахь долчу хьолана тIехь терго латточу Саратовн кIоштарчу прокуроре а ваьлла, Тумгоевн бакъонаш ларъеш цахиларх кхаьчна арз зер доьхуш.

Колонин администрацино Тумгоевн адвокате, иза ЕПКТ дехьавоккхуш бинчу сацамах кехат ца кхачорах дийца даьккхира стохка ГIуран-баттахь. Колони дIавуьгучу заманчохь йиттина хиллера цунна хIетахь.

Маршо Радионо яздира, Украинан къайлахчу сервисаша 2018-чу шеран гурахь Тумгоев Тимур Оьрсийчоьне дIаваларх. Стохка аьхка Къилбаседа-Кавказан гонашкарчу тIеман кхело луьрачу хьелашкахь набахтехь даккха 18 шо хан кхайкхийра цунна. Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевина Тумгоев Шемарчу тIамехь хилла ву аьлла.

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело набахтехь даккха 18 шо кхайкхийначу гIалгIачо Тумгоев Тимура латкъамбира Европерчу адамийн бакъонийн кхеле, шена харц кхел а йина, Iазапехь а валлийна ша аьлла. Динчу арз тIехь охьаяздина дара Тумгоев оьрсийн талламан изоляторшкахь латточу заманчохь цунна тIехь ницкъбарх - еттар, ток еттийтар, бахьана а доцуш динах лаьцна литература цуьнгара дIаяккхар.

Ишта дIахаийтина, Тумгоевн гIуллакх луьстучу хенахь суьдхой объективе цахиларан тоьшаллаш а. Дийцарехь, тIечIагIдина ца хилла, Тумгоев Шемахь хилар а, террорхойн организацехь цо дакъалаьцна хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG