Талламаш бечу хенахь низамаш дохийна меттигаш гучубовларца Нохчийчохь белхаш совцийна 129 доларчу дарбан хIусамийн. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам. Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу кхеташонехь дIвхьедина цунах лаьцна мехкан куьйгалхочун администрацин хьаькамо Кадыров Хас-Мохьмада.
Стохка Лахьан-баттахь доларчу клиникашкахь коронавирусца доьзна харц диагнозаш а хIиттош, тесташ ца еш, бух боцу кехаташ луш меттигаш гучубевллачул тIаьхьа, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедиллинера, доларчу клиникашкахь талламаш бар.
"Низамаш талхош хиларна 129 доларчу дарбан хIусамашна болх бар дихкина. ТIедилларца а, эпидемиологин хьал хилар а тергоне а эцна, царна цхьа хан елла кхачамбацарш дIанисдан", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс. Ерриг а талламбинарг ю махкара 388 долара клиника.
Кадыровс тIедиллинера регионалерчу Роспотребнадзорна, махкарчу доларчу клиникаша бечу белхан терго яр.