ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вийначу меттиге зезагаш дехкина Британин а, Американ а, Латвин а векалша


2015-чу шарахь политик Немцов Борис вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIе зезагаш дахка веара Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Оьрсйчуьра посол Салливан Джон, хаам бина Москварчу Американ векалто. Цига баьхкира ишта Британин а, Латвин а векалш Броннерт Дебора а, Риекстиньш Марис а.

Даим хIоттош хилла марш дIаяхьа пурба ца делира кху шарахь Москварчу Iедалхоша, амма зезагаш дахка бакъо йитира.

"Шен дахар пачхьалкхан кхане маьрша хилийта ца кхоийна хилла Немцов Борис къизаллица вийна 6 шо кхочуш шен коллегех дIакхеттера посол Салливан",- яздина шен Твиттерехь Американ векалтан пресс-секретаро Росс Ребеккас.

"Нийсоне, маршоне, хьаьъначу дахаре сатуьйсучу дукхаъчарна масал хилла дIахIоьттина Немцов Борис" аьлла, тIетоьхна цо.

Британин векалто а билгалдаьккхина Твиттерехь, Немцов "шайн пачхьалкхехь лоруш вара, цо демократи кхиорехь а, адамийн бакъонашкахьа а бечу белхашца" аьлла.

Шен белхан накъосташца цхьаьна "бакъволу Оьрсийчоьнан демократи Iалашъярхо Немцов дагалоцучу барамехь дакъалацар доккха дозалла дара" шена аьлла, яздина Твиттерехь Риекстиньша а.

2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис Москвахь. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а.

"Кху заманан Оьрсийчоьнан исторехь уггар а гIовгIане политикан бух тIехь стаг вер" дара иза аьлла, дIахьедира Европан парламенто Немцов вийначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG