ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

800 эзар соьмах шен бер дохка гIоьртина нана лаьцна Дагестанехь (+видео)


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIинжа-ГIалахь лаьнца 800 эзар соьмах шен хIинцца дуьненчу яьлла йоI йохка гIоьртина Ахвахскан кIоштара 28 шо долу яхархо. Оьрсийчоьнан Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина цунах лаьцна хаам.

Талламчийн версица, ГIуран-баттахь Дагестанерчу цхьана зудчуьнга, кху шеран Чиллан-баттахь ша дан деза бер эца аьлла хилла шеконашца лаьцначо. Реза хилла зуда, амма барт бар низамашкахь доций хиинчу цо, полицига дIахаийтина.

Бер дохка дагахь хиллачу яхархочунна тIаьхьа бевллачу полисхоша, карарчу беттан 26-чохь, лаьцна иза, бер доьхкина ахча караэцначул тIаьхьа. Нанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, оцу артиклехь набахтехь даккха итт шо кхачадо.

Стохка аьхка иштта шен бер дохка гIоьртина Дагестанера пхи зуда кхеле хIоттийра. Арахь яккха 3-3,5 шераш хенаш кхайкхийра царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG