ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: Кадыровна уллохь лаьттинчу хьаькамера бехкаш дехи, Сталинан депортаци йийци, Немцов дагалеци


Оршот, Чиллан-беттан 22-гIа

Кадыровца сурт даккхийтарна бехк баьккхина вице-премьере

Рамзан Кадыров в больнице
Рамзан Кадыров в больнице

Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь тIеман гайтам схьабоьллуш ечу фотосессехь ларамза Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна уллохь нисвеллачу Украинан вице-премьер Уруский Олеге бехк баьккхира премьер-министро Шмыгаль Дениса. Къам къинтIерадаккха декхаре вира Уруский Украинан арахьарчу гIуллакхийн хиллачу министро Климкин Павла а. Гайтам вовшахтоьхначийн протокол бахьана долуш нисвеллера ша Кадыровца цхьана даьккхинчу сурта тIехь аьлла, жоп деллера вице-премьеро. "Церемони йолалучу юкъанна официалан делегацийн куьйгалхой дIасахIиттор барам вовшахтоьхначийн карахь дара. Элпийн могIарехь дIахIиттийнера тхо", - яздира Урускийс фейсбукехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца шен цкъа а уьйр хилла а яц, я хир ю ала меттиг а бац аьлла, тIе а тухуш. Оцу сохьта Киевехь иккхинчу скандалах комментари йира Кадыров Рамзана. Абу-Дабехь шена уллохь лаьттинарг мила ву а ца хьара шена тахханал цаьлла, дIахьедира цо."Терго ян оьшу хIума дац и айдина дуьйцург. И скандале дерзийначаьрга ала дара сан: пайдабоцу хIуманаш ма леладе. Селхханалц Уруский мила ву хиъна а дац суна. Хиънехь - улло вуьтур а вацара. Донбассехь а, кхечу регтионашкахь а шен къам балане лаьцначу нахе куьйг лур дацара ас цкъа а", - аьлла, яздира Кадыровс шен телеграм-каналехь. Цу тIе, билгалдаьккхира нохчийн куьйгалхочо, шеца сурт даккхийтар "сийлахь дара, сурт цIахь а, балхахь а уггар а тоьллачу меттиге дIа а тохий, цунах дозалла а деш Iе, аьлла.

Шинара, Чиллан-беттан 23-гIа

Къам махках даьккхина - 77 шо

Чиллан-беттан 23-чохь 77 шо кхечира нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна. И бохаман де дагалолуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш а, сагIанаш дахар а, дагалецамийн суьйренаш а дIаяхьна Европехь а, Америкехь а, Азерчу пачхьалкхашкахь а бехачу вайн махкахоша а, церан накъосташа а. 2012-чу шарахь депортаци яр Чиллан-беттан 23-гIа дийнахь билгалдаккха дихкира нохчашна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан бIаьхочуьнан де. Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар геноцидан акт хилар даре дира Европарламенто 2004-чу шарахь. И къемат де дагалоцуш ГIалгIайчохь кеп-кепара барамаш хIиттийра кху шарахь а. Коьрта акци –цу хенахь беллачийн сий деш Наьсарахь хIоттийначу "Исс бIав" мемориалан комплексна хьалха йоьду митинг яра. Оцу акцехь дакъалецира мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас а, парламентан депутаташа а, Iеламнаха а, юкъараллийн организацеша а, кегийрхойн боламаша а, яздира "ГIалгIайчоь" газетано. Ткъа луларчу Нохчийчохь Турслочун де даздеш хIиттийна барамаш бара. Сталинан омрица нохчий махках баьхна 76 шо дузар гуламца билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь стохка а. Оцу бараман башхалла яра кху тIаьххьарчу 8 шера чохь иза дуьххьара хIоттийна хилар. Администрацера хьаькамашца а, муфтиятан белхахошца а цхьана митинг хIоттийра Кадыровс, депортацехь беллачарна боьгIначу хIолламна хьалха. Делахь а, и доцург, кхи цхьана а тайпа тезетан денна лерина барам ца хилира я стохка а я кху шарахь а

Кхаара, Чиллан-беттан 24-гIа

Дагестанера Iовхойн кIошт юхаеза нохчашна

1944-чу шарахь нохчий махкахь бохуш дIайохийна Iовхойн кIошт юхаметтахIотторах лаьттачу хаттаран йист яккхар хьийхира пачхьалкхан Думан депутато Сайтиев Бувайсара дагестанхошна. ТIаьхьо Iедалхоша къомана реабилитаци йинехь а, Iовхан бахархошна бакъо ца елира шайн хIусамашка берза. Дагестанерчу Новолакан кIошта юкъа йогIуш ю и меттиг тахана. "30 шо зама ю лакцаш керлачу меттиге дехьа а бохуш, Iовхан кIошт юхаметтахIотторан процесс, шаьш лелочух а кхеташ, дуьхьалонаш латтош, вежараллин шина къоманан юкъахь гамо а хьегIаш, тесна юьту. Тапъаьлла Iарх проблема йоьрзур яц",- аьлла, дIахьедира нохчочо, Дагестанан цIарах Пачхьалкхан Думехь волчу депутато Сайтиевс инстаграмерчу шен агIонехь. "Массо а дагестанхошка" бина цо шен кхайкхам: "Нагахь санна, вайн барт хилахь, шарIаца а, Оьрсийчоьнан низамашца а нохчий бакъ бу шайн лаамашкахь, ткъа вай нийсонца, дуьххьал дIаала деза вешан бахархошка, хIара хуьлуш дерг низамехь цахилар, вай тIедожжийна Iедале а, нехан хIусамашкахь бехачу нахе а кхайкхам бан беза, нехан бахам юхаберзабе аьлла". Нохчийн къам махкахь даьккхина рогIерчу дийнахь Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Меликов Сергейс инстаграмерчу шен пена тIехь Турслочун денца декъалбира нах, амма дош ца яздира вайнахана йинчу депортацех. ХIора шарахь а санна, Дагестанерчу Новолакан кIоштахь тезетан митинг хIоттийра пхи эзар гергга нах вовшахкхетта. Цигахь а хьахийра Iовхойн кIошт юхаерзор дахдина хиларх.

Еара, Чиллан-беттан 25-гIа

Курдойн стаг вийначу веа нохчочунна хенаш йиттина

Францерчу Лион гIалахь цхьана шарера ворхI шаре кхаччалц набахтехь яккхийта, хенаш тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу веа вахархочунна. Уьш бехкебина, 2017-чу шарахь курдойх схьаваьлла 45 шо долу стаг верна. 2017-чу шеран Охан-беттан 1-чу дийнахь хилла ду Сен-При цIе йолчу коммунехь дуьйцу зулам, яздора францхойн зорбанаша. ХIиттийначу видеокамераша дIаяздина, Нохчийчуьрчу бахархошна а, Туркойчуьрчу шина курдона а юкъахь иккхина дов. Коьртах дечиг тоьхначул тIаьхьа веллера цхьа курдо. Кхеле хIиттийначара дийцинера, шаьш царех лардалархьама леттера шаьш, хIунда аьлча, шаьш цхьанхьа хадархой долчу заманчохь курдой тIелеттера шайна аьлла. ХIоранна а 15 шераш тохар дехнера бехкаш дохкучара, оцу зуламна юкъахь хIора а хилла дела. Делахь а, бехккъасторхоша церан рол цхьана кепара ца леринера. Вовшех дагабийлинчул тIаьхьа сацам бина, курдочун коьртах дечиг тоьхначунна ворхI шо тоха, ткъа цуьнца цхьана хиллачарна цхьацца шераш кхачон. Иштта кхело дихкина царна пхеа шарахь герз лелон а. Нохчийчуьра 30 шарера 37 шаре бевлла кегийрхой бу кхеле хIиттийнарш. 2009-чу шарера 2012-чу шаре кхаччалц йолчу хеначохь баьхкина уьш Франци. Политикан тховкIело ца елла царна. Маршо Радионо хьалхо яздира, Нохчийчуьра бахархошна Францин Iедалхоша депортацеш еш хиларх. Нохчийн диаспоран хьелаш ийгIина догIу, яхначу гурахь Мухьаммад Пайхамарна ехкинчу карикатурашна тIехула Парижехь школера хьехархо вийча. Цунна бехкевира Нохчийчуьра веана мухIажар Анзоров IабдуллахI.

ПIераска, Чиллан-беттан 26-гIа

Палтуьйсучунна а, цуьнан хIусамдена а йиттинарш лецна

Палтуьйсучунна а, цуьнан хIусамдена а Магасехь йиттинарш бу аьлла хеташ ши стаг лаьцна ГIалгIайчохь полисхоша. "Карарчу беттан 20-чохь полицига хаам кхечира телефонехула, Мальсаговн урамехь муьлш бу ца хуу нах леташ бу аьлла. Цига дIакхаьчначу талламан-оперативан тобана гучудаьллера цабевзачу наха, ВАЗ-2III4 машенан номерш хийцина баьхкина, йиттина хилар меттигерчу 60 шаре ваьллачу стагана а, цуьнан 40 шо долчу зудчунна а", - яздо "Интерфакс" агенталло, меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамех пайдаэцна. Дарбан цIийне кхачийнера зуда, лоьраша оьшу дарба а дина, кхин дIа цIахь тергонехь латто, дIаяхийтинера иза. Лаьцнарш бу Наьсарара 29 шо долу яхархо а, ГIази-Юьртара 37 шаре ваьлла стаг а. Шаьш динчу зуламах мукIарло дина хиллера цара. Чиллан-беттан 20-чохь ГIалгIайчоьнан Магас шахьарахь муьлш бу ца хуучу наха йиттинера шайн махка еанчу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а, цул тIаьхьа церан машенна герзаш диттина хиллера. Хаамийн гIирсаша яздарехь, юьйцург хиллера кхечу махкара еана гоьяьлла "палтосург". "Мальсаговн цIарахчу урамерчу тIекIелдинчу цIенна герга веана хилла ВАЗ-2114 машенахь масех стаг. Деш хилла къамел девне дирзина церан. Оцу цIа чохь петар лаьцна хиллачу зудчунна а, стагана а етта буьйлабелла уьш. Эххар а церан машенна тIе герзаш диттира", - хаам бира "Интерфакс" агенталло, шайн хьосташна тIетевжина. Церан информацица, зуламна бехке хила тарло, холмачалла лелочу нахаца къийсам латточу юкъаралла боламан декъашхой. К

Шотт, Чиллан-беттан 27-гIа

Немцов Борис вийначу меттиге зезагаш дехкира

2015-чу шарахь политик Немцов Борис вийначу Доккхачу Москворецкан тIай тIе зезагаш дахка веара Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Оьрсйчуьра посол Салливан Джон, хаам бина Москварчу Американ векалто. Цига баьхкира ишта Британин а, Латвин а векалш Броннерт Дебора а, Риекстиньш Марис а. Даим хIоттош хилла марш дIаяхьа пурба ца делира кху шарахь Москварчу Iедалхоша, амма зезагаш дахка бакъо йитира. "Шен дахар пачхьалкхан кхане маьрша хилийта ца кхоийна хилла Немцов Борис къизаллица вийна 6 шо кхочуш шен коллегех дIакхеттера посол Салливан",- яздина шен Твиттерехь Американ векалтан пресс-секретаро Росс Ребеккас. "Нийсоне, маршоне, хьаьъначу дахаре сатуьйсучу дукхаъчарна масал хилла дIахIоьттина Немцов Борис" аьлла, тIетоьхна цо. Британин векалто а билгалдаьккхина Твиттерехь, Немцов "шайн пачхьалкхехь лоруш вара, цо демократи кхиорехь а, адамийн бакъонашкахьа а бечу белхашца" аьлла. Шен белхан накъосташца цхьаьна "бакъволу Оьрсийчоьнан демократи Iалашъярхо Немцов дагалоцучу барамехь дакъалацар доккха дозалла дара" шена аьлла,яздина Твиттерехь Риекстиньша а. 20I5-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис Москвахь. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а. "Кху заманан Оьрсийчоьнан исторехь уггар а гIовгIане политикан бух тIехь стаг вер" дара иза аьлла, дIахьедира Европан парламенто Немцов вийначул тIаьхьа.

КIиранан де, Чиллан-беттан 28-гIа

Чехин пачхьалкхо сатуьйсу оьрсийн «Спутник V» вакцине

Чехин президенто Земан Милоша хааме даьккхина, ша Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехар дина, коронавирусах «Спутник V» вакцина хилийта шен пачхьалкхна аьлла.
"Нагахь санна, со нийса кхетийнехь, дог дохийла ю вакцине", - аьлла, дIахьедина Земана CNN Prima News телеканална еллачу интервьюхь.
Президенто бахарехь, Чехехь препарат лелон магош сертификаци оьшу, делахь а, цунна "тоаме ду, молханашна тIехь терго латточу Пачхьалкхан институто делла сертификат а". Медицинан препараташна тIехь контрол ечу Европерчу агенталлан (EMA)сертификаци ца хилча а магадо Земана.
Зазадокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна коронавирус ца яржийта Iалашонца махкахь диттина дозанаш къхин а тIе чIагIдан дагахь бу Чехин Iедалхой.
Кхаа кIиранна доьхкур ду шайн бахархошна, цхьа доккха бахьана доцуш, шаьш бехачу кIошташкара дIасаболар. Лоьрана тIе кхача а, балха ваха а бакъо юьтуш ю. Билгалдаккха догIу, Оьрсийчоьнан «Спутник V» вакцина къобалйинчу Евароперчу пачхьалкхашлахь Венгри ю хьалхара. ХIинцале а, 40 эзар дозанах лаьтта парти дIакхачийна цига. Цул совнах, кхин а 2 миллион вакцина хиларе сатуьйсу цара. EMA агенталло хIинца а магийна дац оьрсийн вакцинех Евробертан пачхьалкхашкахь пайдаэцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG