ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 2000-чу шарахь Псков гIаларчу десантан декъанна тIелетта пхи стаг лоьху талламчаша


Псков гIаларчу десантан декъанна 2000-чу шарахь Нохчийчохь дина тIелатар толлуш, 5 стаг лаца кхайкхийна Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Зуьйш ву кхин а 45 стаг, боху урхаллин сайта тIехь.

Таханенна оцу инцидентан декъашхойх билгалваьлларг ву 29 стаг, царех I8-нна кхел йина тIемалойн гIеранахь леларна а, эскархойн дахарна тIекховдарна а, набахтешкахь ехха ханаш токхуш бу уьш.

Дуьйцу тIематасадалар хилира Нохчийчохь 2000-чу шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь 776.0 олучу ломан раьгIнашца. Нохчийн тIемалошца хиллачу тасадаларехь велира 84 эскархо, виеанна чевнаш йира.

  • Хьалхо баьржинчу хаамца, Къилба федералан Ростоврчу тIеман кхело стохка Мангал-беттан 9-чохь набахте хьажийра Дудиев Нажмуддин а, Донашев ИбрахIим Улус-Кертанна гергахь Псковрчу десантхойн декъанна 2000-чу шеран Зазадоккху-баттахь тIелатарна.
  • "Кавказ.Реалиино" хаамбира, Оьрсийчуьрчу десантхошна тIелатарна бехке а беш, кхеле кхачийначу цхьаболчу наха шайгара дареш ницкъаша даьхна олуш хиларх лаьцна.
XS
SM
MD
LG