ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bloomberg: Оьрсийчуьрчу Iедална кхераме ду юучун мехаш дестар


Кхачан мехаш бестаро экономиканна а, Iедална а кхерам бохьу пачхьалкхаш билгалъяьхна Bloomberg агенталло. Туркойчоь а, ХIиндойчоь а, Бразили а, Нигери а санна, Оьрсийчоь а ю церан могIарахь.

"ДуьнентIехь кхачан мехаш тIаьххьарчу 6 шарахь ца хиллачул лакхара бу", - билгалдоккху Bloomberg-о, довзуьйту цуьнан бахьанаш – коронавирус яьржинчу хьелашкахь кир дIасалело хала хиларна тIера хенан хIоттаман чолхалле кхаччалц ду уьш.

Хьалхо дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган FinExpertiza машано хаам баржийра, 2021 шеран хьалхарчу баттахь Оьрсийчохь юучун мехаш 5 шарахь ца хиллачул бистина, аьлла.

Массанхьачул сов базбелла кхачан мехаш Дагестанехь (шарахь лаьттичу мехашна тIе 10,85%), Адыгейхь (9,7%). Царел тIаьхьа ю Рязань, ГIебарта-Балкхаройчоь, Хакаси – массанхьа а 9 процентал лакхабевлла мехаш.

XS
SM
MD
LG