Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хиларца билгалваьлла 22 пациент кхелхина тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 466 вахархо.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 15 стаг, Ставропол-махкахь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ. Коронавирусах верриг а велларг ву Къилбаседа Кавказехь 7867 стаг.
Уггаре дукха нах бу ун карийначаралахь Краснодар-махкахь – 150 стаг.
- Краснодар-мохк + 150 (38 582 пандеми яьржичхьана схьа)
- Ставропол-мохк+ 65 (47 388)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 70 (21 059)
- Дагестан + 38 (29 821)
- ГIалмакхойчоь + 38 (19 039)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 37 (19 088)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 28 (15 733)
- ГIалгIайчоь + 18 (14 757)
- Адыгей + 9 (13 791)
- Нохчийчоь + 13 (11 310)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун гучудаьлла 230 568 стагехь. Ерриг а Оьрсийчохь*, Оперативан штабан статистико бахарехь, Зазадоккху-беттан 1-чу денна коронавирус кхеттарца билгалваьлла 4 257 650 стаг.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал а.