ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша "арахьарчу агентан" статусехь хилар ца гайтинчунна гIуданаш детта долор ду Оьрсийчохь


Оьрсийчохь Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь юкъадаьлла "арахьара агент" статусехь стаг я хьукмат хилар ца гайтарна гIуданаш детта низам. Оцу статусехь волу стаг я хьукмат зобанехула хьахош, хаамийн гIирсаш декхаре бу Iедало елла и цIе билгалъяха. ТIедожор кхочуш ца динчунна тухур ду 2 500 соьме кхочу гIуда, ткъа "арахьарчу агентах" долу низам талхийначу хьукматхочо токхур ду 5000 соьме кхаччалц ахча, хьукматна туху гIуда хир ду 40-50 эзар сом.

Зорбанехь "арахьарчу агенто" яржочу материалашца а билгалъяккха еза уьш кхоьллинчунна елла статус.

Арадаьллачу низамца а догIуш, "арахьарчу агентан" статусе баьхначу хаамийн гIирсаша а, адамаша а юстицин министралле чуделла хила деза шаьш оцу статусе дахар доьху кехат. Нагахь санна министралло "арахьара агенташ" а лоруш, амма оцу хьокъехь цига кехаташ хьийсийна боцу нах Зазадоккху-беттан 1-чохь дуьйна буьйлор бу административан а, цхьацца хьелашкахь набахтин биста кхаччалц долчу бехтакхаман а жоьпалле ийзо.

  • Радио Свобода а, "Настоящее Время" телеканал а, Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацин кхийолу цхьацца проекташ а яьхна 2017 шарахь "арахьарчу агентийн" тептара. Радио Маршо/Радио Маьрша Европа кхочушдеш схьайогIу Оьрсийчоьнан Iедало хаамийн гIирсех - "арахьарчу агентех" лаьцна арахецна долу низам. Амма цунна гарехь, Оьрсийчоьнан Iедало "кхераме гIулчаш йоху журналисташ таIзаршна буха ийзорца, Оьрсийчоьнан бахархошка Кремло магийна информаци бен дIакхача некъ цабитарца". Радио Маршо/Радио Маьрша Европа корпорацин куьйгалло дуккхаза а билгалдаьхна, шегахь йолчу статусо я политикан а, я цензурин а маьIнехь шен балха юкъагIерта цхьана а агIор могош дацар.
  • Оьрсийчоьнан юстицин министралло ГIуран-беттан 28-чу дийнахь пхи стаг язвина арахьарчу хаамийн гIирсийн реестре. "Арахьарчу агентан" цIе кхоьллина бакъоларъярхочунна Пономарев Левна а, юкъараллин жигархочунна Апахончич Дарьяна а, "Псковская губерния" газетан коьртачу редакторна Камалягин Денисна а, Радио Свобода корпорацица юкъарло лелочу журналисташна Савицкая Людмилина а, Маркелов Сергейна а тIе. Юстицин министралло ца хаийтина и пхи стаг стенна язвина реестре.
XS
SM
MD
LG