ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу шина вешин декъий карийна Москварчу хьешан цIийнахь


Москварчу "Амай" отелехь вийна карийна Нохчийчуьра шахьара вахана хилла ши стаг. Уьш 21 а, 28 а шераш долу вежарий бу, хаам баржийна "МК" газето.

Оршотан дийнахь, зазадоккху-беттан 1-чохь, карийна церан декъий, яздо хьосто.

Карарчу муьрехь шина вешин кхалхар толлуш ю полици.

  • 2017 шарахь баьржина хиллачу хаамца, коьртах йина чевнаш а йолуш, Нохчийчуьрчу вахархочун дакъа карийра Оьрсийчоьнан коьрта шахьарарчу Царицыно кIоштахь.
XS
SM
MD
LG