ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецерчу нохчийн UFC-латархочо Чимаев Хьамзата ша спорт юьту аьлла


Швецехь вехачу UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедина, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. И хаам цо баржийна Инстаграмехула.

"Хетарехь, со ваьлла, кхета, ас доьхка схьа ца даьккхина, амма иза бац кху дуьненахь коьрта толам, хаьа, шуна иза новкъадогIур дуйла, амма сан даго а, дегIо а боху соьга: чекхдели", - яздина спортхочо.

Ша ММА-хь яьккхинчу йоццачу хенахь Чимаев Хьамзат гIаравелира турнирашкахь цIехьана баккхий толамаш бахарца. Уьссаза леташ уьссазе а туьйлира иза, царех кхо толам баьккхира UFC-юкъараллехь – рекорд хIоттийра 66 дийнахь хенал хьалха кхузза толарца.

Прессехь бинчу хаамаша бахарехь, цо хала лайна коронавирусан цамгар, оцу бахьаница шозза дезна хенаца къастийна хилла летарш юкъахдаха.

  • Хьалхо Американ Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахана, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.
  • Чимаев схьаваьлла Нохчийчуьра. Масех шо хьалха баха Швеце дIабахана цуьнан доьзал. Карьера йолалучу муьрехь буса болхбечу клубашкахь хадеш хилла иза, къахьегна кхача шелбен гIирс арахоьцучу фабрикехь а.
XS
SM
MD
LG