ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташна а, блогерашна а гIелоярца рекордсмен ю Нохчийчоь. "ЦIечу зонехь" ю пхи республика


Уггаре луьра интернет-цензура лела а, журналисташна гIелоен а меттиг ю Нохчийн республика. Оьрсийчоьнан "цIeчу зонехь" ю, стохкалерчу мониторинган жамIаша бахарехь, Къилбаседа Кавказера кхин а йиъ республика. Оцу хьокъехь дIахьедар дийриг ю бакъоларъяран "Агора" тобан "Машанашкара маршо" проект ша кечйинчу "2000 шеран интернетан маршо: репрессийн шолгIа го" артиклехь.

Ерриг а Оьрсийчохь журналисташна а, блогерашна а йина гIело I03-зза, еккъа цхьана Нохчийчоьнна кхочу царех 40.

Эксперташа тидаме эцна интернетна кеп-кепехь бина тIеIаткъамаш: журналисташ, блогераш бехктакхаме ийзор а, царна дуьхьал административан гIуллакхаш гIиттор а, прокуратурехула сайташ къийлар а.

30-зчул сов нах цензурица доьзна жоьпе ийзорца билгалбевлла мехкаш "цIечу зоне" баьхна"Агорас". Иштачех ю Оьрсийчуьра 58 субъект, шайлахь Краснодар-мохк а, Адыгей а, Дагестан а, Къилбаседа ХIирийчоь а, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а йолуш. Лурчаха лахаро дара и терахь – 43.

Артикло бахарехь, "цIечу зонера" яьлла а яц тIаьххьарчу 5 шарахь Оьрсийчуьра 9 регион. Царех бу Краснодар-мохк – цигахь 2020 шарахь журналисташна дуьхьал айдина 6 бехктакхаман дов, 31 –зза дуьхьало йина наханна цензурица, айдина административан 45 гIуллакх.

В докладе говорится, что Краснодарский край входит в число девяти регионов, которые с 20I5 года ни разу не покидали "красную зону". В 2020 году здесь зафиксировано шесть фактов уголовного преследования журналистов, 3I случай интернет-цензуры и 35 – административного давления.

Регионашкахь лелла хIора инцидент интернет-картица билгалъяьккхина артиклан авторша.

XS
SM
MD
LG