ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Барто а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа а санкцеш кхайкхийна Навальный лаьцначарна


Европан Бертан куьйгалло санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу веа даржхочунна оппозицин политик Навальный Алексей лацарна а, цул тIаьхьа иза бехктакхаме озорна а. Политик лецира Дечкен-беттахь, Москва кхаьчча, цул тIаьхьа хьажийра набахте.

Санкцех болу хаам баржийна Европан Бертан официалерчу журнало. Текстехь хоуьйтуш дац санкцеш хьанна тоьхна. Амма Германерчу Bild а, Focus а газеташа бечу хаамца, уьш бу Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, Росгвардин буьйранча Золотов Виктор а, Набахтийн урхаллин директор Калашников Александр а, Оьрсийчоьнан инарла прокурор Краснов Игорь а.

Оцу наханна доьхку Европан Бертан доза хадо а, цуьнан пачхьалкхашкарчу банкашкахь ахча кхаба а – иштаниг нислахь церан активаш къовлур ю.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Джо Байденан администрацин векалша журналисташна еллачу онлайн-конференцехь йовзийтинчу информацица, Штаташа санкцеш арахецна Оьрсийчуьрчу даржхошна а, компанешна а дуьхьал.

Вашингтон тешна ю оппозиционерна дIовш делла агIо Оьрсийчуьра Iедал хиларх.

Бриффингехь дIахьедина, Байденан администраци яц Москванний, Вашингтонанний юкъаметтигаш карлаяха я шагъян дагахь, аьлла. Оцу юкъанна билгалдоккху Американ Штаташ шен агIончашца цхьаьна "Оьрсийчоь, иза дозанал совъяьлча, жоьпе озо" кийча хилар – президентан агIо лерина ю кестта керла санкцеш юкъаяха, чIагIдо Bloomberg агенталло.

  • Навальный лецира, шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа Германехь дарба а дайтина, цIакхоччушехь. Москварчу Симоновскийн кхело цунна 2013-чу шарахь цIахь такха тоьхна хан набахтин хьесапе яьккхина Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхаллин (ФСИН) дехарца.
  • Урхалло оппозиционер бехкевира кхело кхайкхийна хилла хьелаш лар ца дарна, амма Навальныйс иза харцдо. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIедожийна, цуьнан аьрзнаш кхелийн инстанцешкахь листина довллалц, иза мукъавитар.
XS
SM
MD
LG