ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчохь кхо шо хан кхайкхийна арахь яккха жигархочунна Кочесоко Мартинна


Чергазийн жигархочунна Кочесоко Мартинна 3 шо хан кхайкхийна Урван кIоштан кхело арахь такха, шера чохь сацаман хьелаш талхадахь, иза набахте а хаьжор волуш. Ша наркотикаш лелийна аьлла, шена тIехьарчийна бехк тIе ца эцна цо.

"Аьттехьа а реза яц со сацамна, арздан дагахь а ю", - элира Шен деллачу Кавказ.Реалиига адвоката Кочесокова Людмилас.

Шена деллачу "тIаьххьарчу дашехь" Кочесоко Мартина дIахьедина кхеле шена наркотикаш "Э" центран белхахоша бухкхийсина, аьлла.

  • "Хабзэ" цхьанакхетараллин лидер Кочесоко лецира ГIебарта-Балкхаройчохь 2019 шеран аьхка. Адвокаташна билгалделира, иза лоцуш, цуьнгара наркотикаш яхар тIечIагIдан кхайкхийна тешаш махкарчу психиатриян диспансеран тергонехь лаьтта нах хилар. Кочесокон агIолецира юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавкзерчу юкъаралло а, чергазийн диаспоро а.
XS
SM
MD
LG