Нехаш юхкучу полигонехь дIаьвше газ IаьIа, аьлла, меттигерчу вахархочо шега арздича, цунна жоп делла Ленинград-мехкан губернатора Дрозденко Александра: "Со воккхаве, могуш лелийла!" Дрозденкос латкъамна дуьхьал Инстаграмехь йина и комментарий зорбане яьккхина "МБХ медиа" ресурсо.
ТIаьхьо журналисташна гайтина Ленинград-махкарчу Всеволожски кIоштан вахархочо Харчевский Руслана юьйцу меттиг – 200 метр бен гена яц цунна юьйцу нехийн полигон "Северная Самарка". "Кораш къевлича а са ца даккхало нехех яьржа газ бахьанехь", - леткъа иза.
Ленинград-мехкан Iедало бакъ ца до юьйцучу метте нехаш кхуьйсу бохург. Iаламан могашалла ларъечу Росприроднадзоран векалша хаам бина, "Северная Самарка" полигонца доьзна бехктакхаман дов айдина, аьлла.