Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь зорбане яьхна Навальныйн гIуллакхца доьзна тоьхначу санцийн тептара язйина цIерш, компанеш. Санкцеш кхайкхийна Оьрсийуьрчу набахтийн урхаллин куьйгалхочунна Калашников Александрна, президентан администрацехь чоьхаьрчу политиках жоп лучу урхаллин куьйгалхочунна Ярин Андрейна, инарла прокурорна Краснов Игорна, ФСБ-н директорна Бортников Александрна, тIеман министран гIовсашна Криворучко Алексейна а, Попов Павелна а, президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсанна Кириенко Сергейна дуьхьал, хаамбеш ю Радио Свобода.
Оцу нехан Цхьаьнатоьхначу Штатийн территори тIехь, я юрисдикцехь болу бахам дайх хадор бу, Американ а, кхечу пачхьалкхашкарчу а бахархошна доьхкур ду цаьрца гIуллакхаллин юкъарлонаш лело, билгалдоккху Би-би-си медиакорпорацино.
ТАСС агенталло тидам тIебохуьйту санкцеш Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу Центран Iилман-талламан 33-чу институтна а, Iилман 27-чу центрна а, Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан химин а, технологин а Iилман-талламан институтна а тоьхна хилар.
Американ Штаташа санкцийн тептар довзийтарца доьзна, Би-Би-Си-но тидам тIеберзабо президента Байдена Чиллан-баттахь, шен президентаца Путинца телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа динчу дIахьедарна. Американ президента элира хIетахь журналисташка, "Оьрсийчоьно агрессица йоху гIулчаш, Москва америкахойн харжамашна юкъагIертар, кибер-тIелетарш дар, наханна дIовш далар гуш доцуш санна Американ Цхьанатоьхна Штаташ Iен денош чекхдевлла, и денош яхначу заманахь дисина".
Кремлехь шинарин дийнахь дIахьедина, Навальныйн гIуллакхца йоьзна Американ Штаташа юкъаяьхна керла санкцеш цхьана а Iалашоне кхочур яц, цара талхор ю ишта а гIоьртина лаьтта юкъаметтигаш.
- Оьрсийчуьра хьукматаш санкцийн тептара язъяро некъ къовлу царна Американ Штатийн йохк-эцаран министралло луш йолчу бакъонца сурсаташ а, гIирс а, шалха пайдаоьцу технологеш а Американ Штаташкахь эца.