ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ши том йоьшу дийнахь". АрашуковгIеран кхел сов яхйина


Арашуков Рауф
Арашуков Рауф

Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Iийна Арашуков Рауф а, мехкан Халкъан Кхеташонан депутат лаьттина цуьнан да Арашуков Рауль а кхаа кIиранах деша бакъо йолуш ву шайна дуьхьал гIаттийначу бекхтакхаман документаш.

Иштта бу Москварчу Басманный кхело бина сацам – талламан дехарца яцйина кехаташ довза луш йолу хан, хаам бо "Коммерсанто".

Талламна хетарехь, кхел йолало хан тIаьхьататтархьама, АрашуковгIар леррина лела меллаша.

Адвокаташ харц до и тайпа дIахьедарш. Цара бахарехь, лецначара бехктакхаман гIуллакхан ши том йоьшу дийнахь, цундела олийла дац цара "леррина яхйо кехаташ довза елла хан".

Шина а агIонна мега сацам беш, Басманный кхело цундела хIоттийна документаш довза еллачу ханна доза – Зазадоккху-беттан 19-гIа.

  • 2019 шеран Дечкен-баттахь лецира Арашуков Рауф, иза бехкево зуламечу тобанехь хиларна, ши стаг вейтарна, тешашна тIеIаткъамаш барна. Буьйцу байъинарш бу юкъараллин жигархо Жуков Аслан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан президентан хьехамча Шебзухов Фрал а.
  • Экс-сенаторан да Арашуков Рауль а ву лаьцна. Юьхьанца цунна бехкедора 32 миллиар соьманна газ лачкъор, амма стохка аьхка мукъаваьккхира иза оцу бехках. Стаг вер доху цунна дуьхьал.
XS
SM
MD
LG