25 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо лаьцна къизаллинца десте ерах йолчу шеконца, хаам баржийна регионерчу Талламан урхалло.
Бохам иккхина Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь республикан Несаран кIоштарчу Пхилекъонгий-Юьртахь. Талламо бахарехь, меракIанта дов иккхинчохь бейсболан гIаж йиттина дестечунна.
Шеконца лаьцначунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх.
- Хьалхо баьржинчу хаамца, БуьритIехь 31 шо долчу Техов Вадимна набахтехь яккха 16 шо хан туьйхира шегахь марехь хилла 22 шо долу Гагиева Регина ерна.
- 2020 шеран ГIуран-баттахь Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо цхьа шо цхьа бутт баккха набахте хьажийра хьажийра шен зудчунна а, цо кхечунхьа динчу 9 шо долчу беранна а еттарна, беран коьртан хье лазийнера цо.