ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскерчу №6 набахтин а, №1 изоляторан оперативан декъан а куьйгалхой лецна


№6 набахтин а, №1 изоляторан оперативан декъан а куьйгалхой лецна Иркутскехь, хаам баржийна талламан урхаллин пресс-векалто.

№6 набахтин куьйгалхо лаьцна тутмакхна Бакиев Тахиржонна гIелоярца доьзна толлучу бехктакхаман гIуллакхца доьзна. №1 изоляторан оперативан декъан буьйранча лаьцна Ондар Кежикна ницкъ бар толлуш.

2021 шарахь Иркутск-махкарчу набахтешкахь еттарал а сов, хьийзийначул тIаьхьа дарбан хIусамашка кхачийра ши тутмакх. Ткъа оцу хиламийн хьокъехь тутмакхийн гергарчаьрга тIеIаткъам барца дареш дехира, оцу шина стага Ангарскерчу №15 набахтехь гIаттам айбина, аьлла.

  • Дечкен-бутт боьрзуш Иркутскерчу набахтийн урхалло даржашкара дIаваьккхира №1 изоляторан куьйгалхо Мокеев Игорь а, №6 набахтин куьйгалхо а.
XS
SM
MD
LG