ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожин волу меттиг ша юьйцу, цунах кхайкхийна $250 000 шена схьало, боху Кадыровс


Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а
Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина шен твиттер-каналехь, шена хаьа Оьрсийчуьра совдегар Пригожин Евгений волу меттиг, аьлла, гайтина ша цуьнца шен Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь даьккхина сурт. Бегаш беш, Американ Штатийн Iедало Пригожинах йолчу информацех дала кхайкхийна 250 эзар доллар дIадехна цо ФБР-е, яздо "Настоящее время" проекто.

"Оццул комаьрша кхаъ схьа ца эцча нийса хир дац, цундела ас официалехь дIахьедо: Пригожин Соьлжа-ГIалахь, со волчохь, хьошалгIахь ву. Сайн гражданан декхар кхочушдан болчу лаамца, цхьа а эхь а ца хеташ, сайна догIу совгIат схьаэца кийча ву со, амма цхьана кепехь – ахча кара схьалахь. ХIунда аьлча, сан долларшкахь миллионаш тIехь долу банкера хьостанаш Европан Бертан а, Американ Штатийн а санкцеш бахьана долуш къевлина хиларна. Ваха ца гIиртича волий со! Цундела бах, ахча оцу хьостанашна тIе ма кхоссалаш – схьаэцалур дац соьга", – яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыровс доьху " луш болу кхаъ, $20 кехаташца чамди чу а биллина", цхьаьнгахула Соьлжа-ГIала шега дIахьажабар, цигахь ша "массарна а вевза, некъ гойтур бу".

Чиллан-беттан 26-чохь Американ Федералан талламийн бюроно Пригожин Евгений лехаме ваьккхина, цо Американ Штаташна дуьхьал бозбуанчаллаш лелорна а, 2014-2016 шерашкахь, америкахойн чоьхьарчу гIуллакхашна юкъа а гIерташ, иза президентан харжамашна тIеIаткъам бан гIиртина хиларна а. Совдегар лаца аьтто беш, информаци еллачунна $250 эзар доллар совгIатна кхайкхийна ФБР-о.

Ша Пригожина дIахьедина, лехаме ша ваккхар шоу а, ФБР-о шена еш пиар а ю, оцу кепехь шайн юкъараллера яккхий проблемаш къайлаяхьа гIерта иза, цундела хьийза "ешапаш лоьцуш". И дIахьедар даржийна Пригожинан "Конкорд менеджмент и консалтинг" компанин пресс-векалто.

2018 шеран Чиллан-баттахь Американ Штаташкахь ордер елла Пригожин Евгений лаца. Цул тIаьхьа иза ваьккхина Интерполан лехамашка.

XS
SM
MD
LG