Маск Илонан SpaceX компанин Starship космосан кеманан прототип иккхина кхиаме охьахиинчул тIаьхьа 10 минот яьлча. Цул хьалха из зер дIахьуш стигала делира 10 километр гергга.
SpaceX компанина цу кепара дуьхььара аьтто баьлла кема кхиаме охьахаъо. Видеона тIехь гуш ду космосан кеман цхьа дакъа дага долалуш иза охьахууш. Кхин а месех минот яьлча иза иккхина. Цуьнга хьажна доцуш, SpaceX реза ю шаьш кема зуьш бинчу балхана.
И компани кхоьллиначу Маск Илона твиттерехь яздина, Starship охьахиира цхьа а хилла зен доцуш аьлла. Кема эккхарна комментари ца йина цо.
Зазадоккху-беттан 3-хь Starship тIемадалар кхоалгIа дара иза зуьш дина долу. Хьалха шозза стохка ГIура-беттан I0-хь а, кхушара Чиллан-беттан 3-хь а ракета иккхира охьахууш.