ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муфтийна Хамхоев Iийсана тоьхна гIуда тIечIагIдина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело


Муфтий Хамхоев Iиса
Муфтий Хамхоев Iиса

ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело хийцам боцуш битина, магийна а доцуш, гулам хIотторна мехкан муфтийна Хамхоев Iийсана лахарчу кхело I0 эзар сом гIуда кхайкхош бина хилла сацам.

Кхелехула шо хьалха дIакъевлина лоручу ГIалгIайчоьнан муфтиятехь 2020 шеран Лахьан-баттахь кхеташо дIаяхьарна туьйхира Хамхоевна гIуда. Низамо ца магадо дIакъевлина ларалучу цхьаьнакхетараллехь барамаш хIитто.

Хамхоев Iисан адвоката Оздоев Мохьмад-Басира дицарехь, 15 минотал сов ца лаьттина буьйцу гулам. Бехк тIекховдийнарг ву Несарарчу полицин белхахо – ца веара кхеле я иза а, я жоьпе озийна волу Хамхоев а, хаам бо бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" могIара язйина "Мемориал", амма "Мемориало" тIе ца эцна шена и статус).

Хамхоевн адвоката иза бакъо йолуш лору гулам хIотто, 2005 шарахь республикехь арадаьллачу "Гуламех, митингех, демонстрацех, боламех, пикеташ хIитторах" цIе йолчу низамна тIе а тевжаш. Гуламехь дакъалоцуш I00 стаг кIезиг нах хилча, и гулам чоьнаш чохь дIахьош а хилча, хьашт дац Iедале пурба деха, чIагIдо адвоката.

Хьалхо хаам баьржира, ГIалгIайчуьрчу Магас кIоштан кхело муфтийна Хамхоев Iийсана гIуда тоьхна цо 2019-чу шарахь референдумах долчу низамна резабоцчийн протест айъярна лецна къоман лидерш Iедале дIахецар деха Iеламнах вовшахтохарна, аьлла.

  • ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело 2019 шеран Гезгамашин-баттахь арахецначу сацамо дIакъевлира республикера муфтият.
XS
SM
MD
LG