ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIожан система ю? Экстремистийн тептаршкахь бу кавказхой


Экстремизмна а, терроризмна а бехке бу аьлла, шеконаш йолуш Оьрсийчоьнан Iедалхоша тептаре язвина Чиллан-баттахь 174 стаг. 2018-чу шеран Марсхьокху-баттера схьа дуьйна лерича рекорде терахь ду иза. Документаш тIехь хьахийна бу Таджикистанера а, Узбекистанера а, Туркменистанера а бахархой, иштта, Оьрсийчоьнан регионашкара - Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Ставрополера а.

Росфинмониторинган тептаршка нисбеллачийн массо а чоьташ а, банкан картанаш а дIакъовлуш ду. Цхьа могIа бакъонех бовлу уьш, масала, верасаллин даьхни схьаэца а, я нотариус волчахь кехатна куьйгъяздан а.
Реестрехь бахархойн терахь кхиар "экстремизман" а, "терроризман" а артиклашкахь сацамаш бар совдийларна дац боху информацин, аналитикан "Сова" центран куьйгалхочо Верховский Александра. Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьарчу агентийн" могIаршка язйина "Сова" Центр цунна реза яц.

"ТIаьххьарчу шарахь цIеххьана тIекхетта хаалуш дац терроризмна я гIаттамхойн тобанашкахь дакъалаьцначарна кхелаш яр. Тера ду, оцу тептаре шира кхелаш яр яздина хила. Цхьанаэшшара дац оцу тептаре нах язбар, доцца аьлча, цхьа бюрократи ю-кх",- аьлла, хьажам бу къамел динчун.

2017-чу шарахь къаьсттина дукха бара Росфинмониторинган тептаршка баьхна цхьацца кепарчу аларшна тIехула. ХIетахь дуьйна и терахь лахделла догIура боху Верховскийс: "Доккхачу декъанна, дахначу шерашкахь Росфинмониторинган тидамехь нисбелларш бара Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 282-чу артиклехь бехкебинарш (Нахалахь цабезам гIаттор, адаман сий дайъар). Оцу артиклах дисина хIума дац - масех таIзар доцург".

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран бакъонан статистикан порталан хаамашца, стохка ГIуран-баттахь Дагестанехь терроран кепехь 723 зулам, экстремистийн хьажамца дина 69 зулам хилар билгалдаьккхина. Ткъа 2019-чу шарахь – 523 а, 54 а дара.

ГIалгIайчохь экстремистийн кепехь 17, терроран хьажамца дина 99 зулам гучудаьллера (2019-чу шарахь 8 а, 46 а).

Ставрополан махкахь экстремизме 15 зулам дина (2019-чу шарахь - 6), ткъа терроризман хьажамца 60 (2019-чу шарахь 46 дара).

Нохчийчохь терроран Iалашонца билгалдаьхна зуламаш 2019-чу шеран барамехь дисина (149 дара лурчаха, стохка 143).

Экстремизме хьежамашца динчу зуламашца дIоггара боккха хийцам бац: цхьацца зулам дина 2019-чу а, 2020-чу а шерашкахь.

Оцу тайпанчу артиклашкахь бехкехетарш а, кхелаш йинарш а Росфинмониторинган тептаршка язбеш бу. Масала, 2020-чу шарахь чоьте эцна: Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал хIиттийначу гIалгIайн протестийн бархI лидер, Къилбаседа ХIирийчуьра ковид-диссидент Чельдиев Вадим, ГIалгIайчуьра журналист Майсигов Рашид, Иеговийн теш, 90 шо долу Ставрополан кIоштара яхархо а, иштта, Невинномысскера цуьнан ворхI агIонча а.

"Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Малхбален агIонехь бакъоларъяран органаш, эр ду вай, тIемалошна тIаьхьабевлла лела (уьш цигахь бацахь а, бу бохуш). Иеговн Тешаш царна ладам боцург хета, ткъа цхьа эхI аьлла материал йоцучу заманчохь, гIаттамхой лоьху шаьш бохуш, арабовлу цигахь", - тIутуху Верховскийс.

"ГIожан система хIинца а йолуш ю"

Дуккха а меттигаш бу, Росфинмониторинган тептаре цхьана а кепара бехк боцу нах баьхна, дуьйцу адвокато Гочиев Виталийс. 28 шо долчу Къилбаседа Кавказерчу вахархочун Гуев Георгийн интересаш Iалашъеш вара иза кхелехь. Гуевна бехк биллинера терроризмна ахчанаш латторна. 7201 эзар сом дехьадаьккхина аьлла, набахтехь даккха 6 шо хан кхайкхийра цунна.

"Росфинмониторинган тептар стамдалар ас дузу пачхьалкхан органийн оцу кепара гIуллакхаш таллар жигара даккхарца. ГIожан система цхьанхьа а ца яхна, хIора шарахь дика жамIаш гайта ма деза, - боху Гочиевс. - Леринчу операцешкахь дакъалоцучу нахана премеш кхачадо, царна шайна а оьшуш ма ду жамIаш гайтар, оцу лучу ахчанех ца хада".

Гуевца Iоттаделлачо а оцу кепарчу зуламан гIуллакхийн терахь лакхадаккха тарло Къилбаседа Кавказехь, аьлла хета адвокатна.

"Гуевн гIуллакхехь - ша бакъйолу Пандоран яьшка ю. Цхьана организацешкахь цо дакъалаьцна я хаа а хууш, экстремисташна ахчанаш хьежийна аьлла, тIечIагIдан тешаш а бац, - боху Гочиевс. - Шина-кхаа эзар стага Африкехь хьогах дехачу адамашна гIунаш яхийта аьлла, картана тIе ахча дIахьажийна цхьа теш ву цигахь. Нагахь санна, лакхарчу инстанцина товш хуьлий Гуевна йина кхел, тIаккха цунах ФСБ-на доккха бахьана дера ду, шаьш Iемминчу некъашца, терроризмна ахча латтийна а бохуш, нах чубохка".

Билгалдаккхар: Саситлинский Абу-Iумара кхоьллинчу гIоьналлин "Ансар" цIе йолчу фондо гулдеш дара Африкехь гIунаш яхийта ахчанаш. Ткъа талламчийн версица, ма-дарра аьлча, Саситлинскийс ахчанаш "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна дIахьежош хилла. Бакъду, фондан куьйгалхочун а, цуьнан агIончийн а кхин верси ю: царна хетарехь, динан хьехамчана дохку бехкаш бух боцуш ду.

ГIунаш яхийта ахча мел дахьийтинарг сингаттамехь ву: царна дуьхьал а даха тарло бехктакхаман гIуллакхаш.

"Цхьа рулетка хьовзор санна хIума ду хIара- шайна луучух катухуш. Органаш болх беш ю, амма цхьаммо а дIа ца къаставо билггал терроризмна ахчанаш латториг, цундела, хаарш ца тоарна цхьацца йолчу юкъараллашна ахчанаш луш берш лоьцу, бехкаш а дохкуш. Суна хетарехь, Росфинмониторинган тептарш стамлур ду",- дерзадо шен къамел Гочиевс.

Къилбаседа Кавказехь, йоллу Оьрсийчохь а санна, "экстремистийн" а, "террорхойн" а гIуллакхаш дукха хьолахь тоьшаллин база ледара йолуш хуьлу, боху Къилбаседа Кавказехь болх бечу адвокато. Шен кхерамзалла ларъярхьама цIе яккхийта реза ца хилира иза.

"Оцу тептаре баьхначийн терахь кхиар, коьртачу хьесапехь аьлча, "гIожан" системан тIаьхье ю. Зуламаш досту шаьш бохуш, терахьаш алсамдохуш, шаьш шайн гурашка нисбелла уьш. Дуккха а оцу кепара зуламаш листа деза церан. Юьстах долу тергамчаш санна, объективехь цунах лаьцна дуьйцийла яц вай, шаьш бинчу талламийн зераш къайла ма даьхьна цара. Iедало гойтург бен вайна гуш дац", - боху къамел динчу адвокато.

"Ас дакъалаьцначу оцу тайпанчу гIуллакхийн, цхьана агIор аьлча, ледара тоьшаллин база ю, вукху агIор аьлча, кхелахоша тергоне ца оьцу адвокаташа дуьйцург, таIзарш дечу заманчохь прокурорана тIетовжу уьш. Йоллу кхелан система ю иштта, къаьсттина оцу категорехь болу нах кIелхьарбаха хала хуьлу. Талламчашна хаьа, бехкбилларна бухе дехкина муьлхха тоьшаллаш хилахь а, кхелан системано уьш тергамза дуьтур дуйла а, шайна луучу агIор бен тIаьххьара сацам бийр боцийла а. Цкъачунна суна хезна дац, оцу артиклашкахь кхеле хIиттийначу нахана гIо хилла аьлла. ТаIзар мел а дайдан аьтто болу, амма юхадаккхар ца хуьлу", - дерзадо шен дийцар къамел дечо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG