ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу пациентех велла 29, цомгуш хилла уьнах кхин а 510 стаг.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь кхелхина COVID-19 цамгар йолу 14 дархо, Дагестанехь – 6, Ставропол-махкахь – 5, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана Къилбаседа Кавказехь уьнах велла лору 7953 стаг.
Уггаре дукха нах бу, официалан терахьашца, дийнахь-буса коронавирус кхетта Краснодар-махкахь – 145 стаг.
- Краснодар-мохк + 145 (39 013 пандемин берриг а муьрехь)
- Ставропол-мохк + 120 (47 695)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 68 (21 265)
- Дагестан + 44 (29 945)
- ГIалмакхойчь + 36 (19 147)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 33 (19 192)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 25 (15 812)
- Адыгей + 15 (13 828)
- ГIалгIайчоь + 12 (14 805)
- Нохчийчоь + 12 (11 343)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 232 045-зза. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду, оперативан штабан информацица 4 290 135* стаг.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а.