ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьара агенташ" бу санитараш а, лорйижарий а, фельдшераш а, лоьраш? 


"Альянсан" куьйгалхо Васильева Анастасия
"Альянсан" куьйгалхо Васильева Анастасия

Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" статусе язйина "Лоьрийн Альянс". Медицинан белхахошна гIо латтош йолу, йозуш йоцу профсоюз ю иза.

ХIун хийцалур ду хIинца "Альянсан" балхаца аьлла, цуьнан куьйгалхочуьнга Васильева Анастасияга хаьттира Настоящее Время телеканалан корреспонденто.

2018-чу шарахь лоьрийн а, медицинан белхахойн а гIоьнца вовшахтоьхна ю "Лоьрийн Альянс" профсоюз. 30 сов регионалан дакъа ду цуьнан. Вовшахтохараллан коьртехь ю, Навальный Алексейн лор Васильева Анастасия. Тахана юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептаре яьккхина организаци.

"Юстицин министраллерчу оцу накъосташа соьга хаийта дезаш дара хьалххе, со юкъараллан куьйгаллехь хиларе терра. Соьга кхаьчна кехат дац цхьана а тайпа. Стенгахь ду документ? Суна хIара фейк ю аьлла хета. ХIокху форматехь лоьрашна тIелеташ бу вайн Iедалхой аьлла, кхин а цхьа тоьшалла ду-кх хIара", - боху Васильевас.

"Лоьрийн Альянс" организаци гIараелира пандемица къийсам латточу муьрехь, хIетахь Васильевас а, цуьнан белхан накъосташа а йоллу пачхьалкхерчу дарбан хIусамашкахь лоьрашна гIирс тоаме буй хьуьйсуш, къайленаш гучуйохура. Дуьйцура коронавирусан уьнах беллачийн статистикехь ма-дарра даржош цахиларх а, регионалашкарчу дарбан хIусамашкахь цомгаш нах тIеэца меттигаш тоьаш цахиларх а.

"Арахьарачу пачхьалкхашкара масийттазза ахчанаш эцарна" аьлла, довзийтина официалехь "Альянс" "агентийн"статусе яккхар.

Организацин декъашхоша лучу йолах а, таро йолчу наха шайн кисанашкара кхийдочу ахчанех а латтош ю профсоюз. Арахьара ахча шайна кхачар бакъ ца до Васильевас, амма, "арахьара агент" статусо а са ца гатдо цуьнан.

"Бечу балхана цхьана агIор новкъарло йо цо? Ца йо. Хьалха а санна, медицинехь къахьоьгучу нахана гIо а латтош тхайгара, вайн медицина тоьллачех хилийта хьовсур ду тхо, - дуьйцу альянсан куьйгалхочо. - Тхан профсоюзехь пхи эзар декъашхо ву. Уьш берриш а агенташ бу? Санитараш, бедарш юьттурш, лорйижарий, фельдшераш, лоьраш - "арахьара агенташ" бу? Къахьоьгуш, нах кIелхьарбоху цара, ткъа царна "арахьара агент" аьлла, цIе кхоьллина. Цхьа абсурде ситуаци ю хIара, шайн дахар Iалашдечу лоьрашна дуьхьал Iедалхоша тIом а беш".

Арахьара пачхьталкхаш Оьрсийчоьнан гIуллакхашна юкъагIертарна тIехь терго латточу Пачхьалкхан Думан профилан комитетехь дIахьедина Настоящее Время телеканале, "арахьара агент" статус хилар кхераме дац юьйцучу организацина аьлла.

"Ша дара, нагахь санна, оцу лоьрашна, я организацина цхьа дозанаш детташ хилча, хIаъ, тIаккха, тхо эргIад даха а догIура, оха цхьа дуьхьало ян а оьшура, - боху депутата Синельщиков Юрийс. - Алийтахьа царех "арахьара агенташ", кхин дIа? Шаьш хьалха а ма-барра кхин дIа а болх бийр бу-кх цара".

Васильева Анастасия къар ца ло, "Лоьрийн Альянс" организацина арахьарачу пачхьалкхашкара ахча муххале а ца кхочу, ур-атталла, пачхьалкхерчу политикехь дакъа лоцуш а яц иза. Ткъа НКО-н хьесапашца, и ши барам ларбеш йоцу ресурс ю "арахьарчу агентийн" реестре язъеш.

"Цхьа пайден, мехала гIуллакхаш ден организаци муьлххачу а гIирсаца дIасайохон тарло. Амма тхо дохор дац. Со цунах йогуш яц. Со тешна ю, массо а адеквате болу лоьраш а, медицинан белхахой а цунах кхеташ бу аьлла", - боху Васильевас.

Цкъачунна дIасаялар дихкина, цхьа а хIума дан йиш йоцуш йисина иза. Санитарин гIуллакхна тIехула бехкебечийн могIарехь ю Васильева, цунна бехке дуьллу санитаран-эпидемиологин барамаш бохор. Дечкен-беттан 23-чохь Iедалца йийцина йоцчу акцехь дакъалаца бохуш, бахархошка кхайкхамаш барца низамаш дохийна боху "Лоьрийн Альянсан" куьйгалхочо.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG