ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Спутник V" вакцина зуьйш ю Европан Бертан молханийн агенталла


Европан молханийн агенталло экспертиза йолийна Оьрсийчоьнан коронавирусан "Спутник V" вакцина зуьйш, боху оцу агенталлин сайта тIехь.

Сихаллин кепехь дIахьош ду зераш, нагахь санна вакцина эвсаре хилар карадахь, иза Европан Бертан пачхьалкхашкахь йохка йолорхьама.

“Спутник” Европан эвсараллин, кхерамзаллин, башхаллийн стандарташца толлур ю, боху хаамо. Хьахош дац, мел хан оьшу зераш дIадахьа, амма билгалдоккху, уьш чехкаллица деш хиларна, даимачул сиха чекхдевриг хилар.

Европан Бертан Iедална бахархоша критика йо коронавирусна дуьхьал вакцинаци ярца хьем беш бацарна. Бехк буьллу цунна сертификаци меллаша еш хиларна а. Пандемица доьзна Европан Берта юкъайогIучу пачхьалкхех дукхахъерш къевлина ю, сецна я боларх доьхна церан экономикан дахар.

Оцу хьолаца доьзна ЕвроБертан пачхьалкхаш шаьш-шаьш хьийза Европан молханийн агенталло къобалйина а йоцу вакцина шайна эца гIерташ. Венгрино а, Словакино а къобалйина Оьрсийчоьнан "Спутник", Венгри ю дуьххьара китайхойн "Синофарм" вакцина къобалйинарг а. Амма политикаша критика яржийна шайн Iедалшна дуьхьал – Москвано а, Пекино а мехкашна тIеIаткъам бечу гIирсе ерзор ю шаьш арахецна вакцина, аьлла хета царна.

Чехин президента Земан Милоша а дехна Оьрсийчоьне а , Китайне а шайна вакцина йохкар. "Нагахь кхерамзаллин сервисо и вакцина оьцийла дац алахь, вакцинин идеологи ян а яц, жоп лур ду оха", –дIахьедина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG