ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс кIадбоцург ду аьлла Немцов вийначийн Делимхановца а, Геремеевца а зIе хиллачух тера ду бахар


Нохчийчоьнан сенатор Геремеев Сулиман
Нохчийчоьнан сенатор Геремеев Сулиман

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьшпаш, кIадбоцург лору Оьрсийчуьра оппозицин политик Немцов Борис вийначарна а, Пачхьалкхан Думин депутатна Делимханов Адамна а, сенаторна Геремеев Сулиманна а юкъахь телефонан зIе лаьттина аьлла журналисташа-талламчаша арахецна материал. Шен телеграм-каналехь яздо ишта Кадыровс.

"Медиазона" ресурсо а, коррупцина дуьхьалоечу юкъараллин Scanner Project тобано а йовзийтира Номцов вуьйш дакъалаьцна хила тарлучу нахах лаьцна материал.

"Элпашъяздархойн шуьйра фантази дIакхаьчна хIинца Пачхьалкхан Думин депутатна а, сенаторна Геремеев Сулиманна а тIе. Немцов вийначу дийнахь и зулам динчара Сулимане а, Адаме а телефонаш йиттина боху, - яздина Кадыров Рамзана. – И аьшпаш кхуллучара а, баржочара а, ларш билггал тIейоьлху меттиг толлучу метта, шарера шаре а дохуш, кIадбоцург дуьйцу".

"Оьрсийчоь йохийта болчу боккхачу лаамца ехачу Малхбузенна мега массо а некъаш. КIеззиг бахьана доллушехь, нохчий хьехор а дац эрна. Оцу дукъал дехьа дика хаьа, шайн са муьлххачу а хенахь дIадала кийчча а болуш, Даймахканна мел онда турсхой бу нохчий. Легашка гIоьртина дIаьхк ю царна нохчий, амма гIуллакх хир дац уьш дIабаха гIертарх. И хьал лаьттар ду лаххара а уьш, вайн пачхьалкхе мостагI хеташ мел хьоьжу", – яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс элира журналисташка, 20I5 шарахь Немцов верца доьзна керла факташ гучудовлахь, дуьсур дац уьш тидам боцуш. Шена ца евза, элира цо "оцу гIуллакхан нюансаш", цундела йовзуьйтийла дац "цуьнах йолу позици".

20I5-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь тапча йиттина вийра оппозицин политик Немцов Борис Москвахь. Иза верна бехкебина яккхий хенаш тоьхна, набахтехь таIзар токхуш бу Нохчийчуьра бахархой - ГубашевгIеран ши ваша Шадид а, Анзор а, Дадаев Заур а, Бахаев Хьамзат а, Эскерханов Темирлан а. Иза вен кхайкхийнарш хIинца а карийна бац.

"Медиазонас" а, Scanner Project проекто а юкъахь бинчу талламан материалехь зорбане даьккхина "Север" батальонан хиллачу командиран гIовсан Геремеев Русланан сурт. Немцовн доьзалан адвокаташна хетарехь, 20I5-чу шарахь динчу зуламна бехке иза ву. Талламан комитет цунна дуьхьал дов айдан кечлуш яра, амма айдира, тIаьххьара дIахьедира, Геремеев волу меттиг хууш яц, аьлла.

Политик вен Iалашонца тоба вовшахтоьхначарлахь ву аьлла, бехке хетта, дуьненаюкъарчу лехамашка велла Мухудинов Руслан хаавелла талламчашна социалан машанашкахь. Геремеев Руслан дIасалелош, болх беш хиллера иза, иштта, Дадаев Заурна а, Немцов верна бехкебечу кхечарна а Москвахь петар лохуш-оьцуш хьаьдда лелла ву иза.

Дуьйцучу зуламна бехке ву аьлла хета кхин цхьаъ, Шаванов Беслан, официалан версица, шегарчу гранатана тIехь иккхинера лоцучу заманчохь.

XS
SM
MD
LG