ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу лерринчу операцийн жамIаш довзйитина президентан векала Чайкас


2020 шарахь Къилбаседа Кавказехь ницкъхоша 1,5 эзар лерина операци дIаяьхьина, вийна 45 тIемало, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан векала Чайка Юрийс.

II3 низамехь йоцчу тобанийн декъашхо лаьцна, уьш терроран тохарш, низпмхошна, маьршачу бахархошна тIелетарш дан гIерташ лелла, боху REGNUM агенталло, Чайкас бинчу хаамна тIе а тевжаш.

Федералан гонан куьйгалхочо дийцарехь, буьйцучу нахера даьккхина 900 герз а, 120 эзар патарма-хIоъ а.

  • Хьалхо хаам баьржира 2021 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тоба, коьртехь амир Бютукаев Аслан а волуш, аьлла. Лерина операци дIаяьхьинера Соьлжа-ГIалина 30 километр герга йолчу Котар-Юьртана уллехь.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдаккхарца, тIемалой хиларх шеко йолуш лецна, кхеле кхачийначу наха дукха хьолехь леткъамаш бо, шайгара талламчаша етташ даьхна тоьшаллаш, олий.

XS
SM
MD
LG