ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Верзина гина иза балкон тIехь. Даржах мукъаваьккхина Краснодар-махкара епископ


Оьрсийчоьнан ортодоксан килсийн Лакхарчу кхело даржан декхарех мукъаваьккхина ши епископ – Краснодар-махкарчу Армавиран а, Лабин а коьрта мозгIар Игнатий а (Бузин), Костомукшан а, Кеман а коьрта мозгIар Игнатий (Тарасов) а.

2008-чу шарахь кхоьллинчу килсийн лакхарчу кхелан дуьххьара сацам бу мозгIарш даржашкара бохор. Царна кхидIа бан магош болу килсан болх къастор бу Синодан кхеташоно.

Бузин бехкевина керстанашна "боккха синъэшам" барна. "Эвхьаза лелар", дуй къарбар, къоладар до цунна бехке. Амма билггал хIун зуламаш дийлина Армавирерчу епископера хоуьйтуш дац. Хьалхо интернетехь сурт даьржира иза отелах тера долчу цIийнан балкон тIехь верзина лаьтташ.

Кхелан сацамо хIинцачул тIаьхьа экс-епископна доьхку архиеерейн духарш лело, патриарха Кирилла ша къасто еза цунна мозгIарш юьстах беха хIусам.

Армавирерчу епископна Оьрсийчоьнан Килсийн урхалле наха аьрзнаш кхоьхьуйту дукха а шераш дара, дийцира Кавказ.Реалиига дозанал арахьарчу Оьрсийн килсийн векала, интернетерчу "Калаказо" журналан автора Валентина (Соломах). Иза вара Армавирера епископ верзина балкон тIехь лаьтташ гойту сурт а, кхийолу компромат а зорбане яьккхинарг.

"Делахь а, патриархато кхоччуш сацам тIеэцна маьттаза суьрташ гинчу наха гIара яржор бахьанехь", – элира цо.

Ший а Игнатий даржах мукъавитира шен омрица патриарха Кирилла 2020 шеран Стигалкъекъа-баттахь. Иеромонаха Валентина билгалдаьккхира, Килсийн Лакхарчу кхело шина динан векалера епископ цIе дIа ца яьккхина, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь Череповецкан, Белозерскан епископера Флавианера (Митрофановгара) яьккхинехь а, аьлла.

"Амма Флавиан ва-банке велира – иза Лондоне дIавахара, цигахь Радио Свободехула къамел дира Оьрсийчоьнан ортодоксан килсан куьйгаллин. Игнатий (Тарасов) а дIавана Оьрсийчуьра, суна хууш – Финлянде, иза карош вац цхьаненна а. Игнатий (Бузин), соьга сан инсайдерша бечу хаамца, кху ерриг а хенахь Петербургехь ваьхна, юкъ-кара Антониево-Дымский килсе суьрташ даха а воьдуш – куьйгаллина ша товелла хилар, мутIахь хилар гаIтархьама", – дийцира иеромонаха Валентина.

  • Краснодар-мехкан митрополин мозгIарша (оцу юкъайогIу Армавирера епархи а) хьалхо арздира, шайна коьрте керла митрополит Павел (Пономарев, хьалха Минскан а, Заславскан а епархехь хилларг) веъчхьана, дестийна килсашка лелачу нахера ахчанаш дахар, аьлла.
XS
SM
MD
LG