ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Авcтрехь юкъахдаьккина кхаа стеган Нохчийчу юхахьажор


Кхаа нохчочунна депорт яр юкъахдаьккхина Австрино. Даймахка юхахьажо кечвина вара 20 а, 23 а шераш долу ши ваша а, эпилепсех цомгушволу 40 шо кхаьчна стаг а. Уьш цкъачунна пачхьалкхехь битар официало дузу депортацин набахтехь царех цхьанна коронавирус кхетта хиларца.

Австрерчу жигархочо Дунаева Розас Кавказ.Реалиига дийцирехь, жимма долчу бахьаница лаьцна хилла ву ши ваша шо хьалха. Австрин федералан конституцин кхело сацамбина уьш махкахбаха.

"Ши ваша Австре гуттар а жима волуш валийна, 2 а, 5 а шераш хилла церан. Оьрсийн мотт ца хаьа цушинна, ца девза Оьрсийчуьра хьал-де. Церан да-нана кхоьру Нохчийчохь шайн шина кIантанна гIелоярх, верах. Иштаниг дуккха а нисделла депорт йинчу нохчашца. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле гIодалур дара, амма цунна бух боллуш тоьшаллаш оьшу. Халахеташ делахь, дIахьовсийча, уьш лоьцур бу Нохчийчохь, гIело а йийр ю царна", - сагатдо дIахьовсош болучех Дунаевас.

Цунна хетарехь, депорт Австрино сацийна цхьана ханна, протесташка юьйлу нохчийн диаспора "теярхьама, цуьнга аэропорте боьлху некъаш ца къийлийта", лецнарш кеман тIе буьгучу хенахь.

  • ТIаьххьарчу муьрехь кест-кеста депортацина дуьхьал митингаш хIиттайо Венехь нохчий махках ца бахийта. ТIаьххьара барам дIабаьхьира бахархоша Венерчу депортацин набахтина хьалха Охан-беттан 3-чохь.
  • Кавказ.Реалиино довзийтира Чиллан-беттан 21-чу дийнахь нохчаша а, овхIанхоша а депортацинна дуьхьал пикеташ хIиттор. 300 гергга стаг гулвелира оцу дийнахь Венерчу Шварценбергплац майданахь.
XS
SM
MD
LG