ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Париж – Москва: цхьацца дипломатна нон-грата кхайкхийна


Оьрсийчоьнан дипломат махкара араваьккхина Францино, шпион хиларна бехкевеш. Цунна дуьхьал изза жоп делла Оьрсийчоьно а.Оцу хьокъехь хаам баржийна Францерчу а, "Коммерсантъ" а газеташа.

Les Echos газето бахарехь, инцидент иккхина дIадахана шо довш. Дийцарехь, Парижерчу Оьрсийчоьнан векалтан экономикан декъан куьйгалхойх цхьаъ лаьцна шпионалла лелош. Иза махкахваьккхина, дуьхьал жоп луш, нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьно Москварчу францойн векалтан экономикан декъерчу цхьана дипломатна. Амма официалехь хилам бовзийтина бац.

Les Echos газетин аьтто ца баьлла официалехь хилларг тIечIагIдайта. "Коммерсантна" жоп ца делла оцу хьокъехь я Францин векалто а, я Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь а.

Газеташа векалш нон-грата кхайкхор къайладахьар дузу ший а пачхьалкх шайн юкъаметтигаш хийцам боцуш, дика ю аьлла гайта гIертарца. Мюнхенерчу кхерамзаллин кхеташонехь Чиллан-баттахь, Оьрсийчоьнца диалог шоръярехьа Малхбузе кхайкхинарг вацара цхьа Францин президент Макрон Эммануэль бен. Москваца гIоьртина лаьтта юкъаметтигаш гойтуш лелорехьа йолу политика эшамехь ю аьлла хета шена элира цо хIетахь.

XS
SM
MD
LG