ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

26 стаг кхелхина, 508 цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла коронавирус шайца хааелла 26 пациент. Цомгуш хилла кхин а 508 вахархо.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, COVID-19 цамгарх Краснодар-махкахь кхелхина 14 стаг, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь –шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официалехь 8004 стаг.

Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхетта нах Краснодар-махкахь – 140 стаг.

  • Краснодар-мохк + 140 (39 295 пандемин берриг муьрехь)
  • Ставропол-мохк + 135 (47 984)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 67 (21 400)
  • Дагестан + 41 (30 029)
  • ГIалмакхойчоь + 32 (19 214)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 30 (19 254)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 27 (15 864)
  • Адыгей + 14 (13 855)
  • ГIалгIайчоь + 11 (14 829)
  • Нохчийчоь + 11 (11 367)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь ун хааделла 233 091-зза. Оьрсийчуьра юкъара терахь ду коронавирусах цомгуш хиллачийн 4 312 181*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG