ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бакъонашларъярхо цунах тIамо йинера". Саратова Хеда кхелхина Нохчийчохь


Нохчийчохь шен 55 шо долуш кхелхина республикан куьйгалхочун гонерчу Адамийн бакъонашлаъяран кхеташонан декъашхо Саратова Хеда.

Охан-беттан 7-чу дийнахь инстаграмехула регионан информацин, зорбан министра Дудаев Ахьмада бинчу хаамца, Саратова кхелхина "ехха цомгуш Iийначул тIаьхьа".

Кавказ.Реалиин хьостанаша дийцарехь, иза елла коронавирусах кхетта цамгар чолхе яларца.

"Яхначу заманахь цунах лаьцна дийца хала ду. Хеда, Нохчийн Республикан хилла ца Iаш, шен даймехкан а, ерриг пачхьалкхан а патриот яра Саратова. Суна иза 2000-чу шарахь дуьйна евзара, хаьа иза муха хьаьвзара муьлххачу а халонаш тIеэгначу стаганна гIодеш. Цо дукха наханна накъосталла дина", - комментари йира хаамна бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Мальсаговас Саратова Хедин критикашна хьоьху "цо динчу дикачу гIуллакхех итталгIа дакъа шаьш дар".

"Бакъонашларъярхо цунах тIамо йинера, шега далуччул, шена хуъучул дика дора цо", - боху Мальсаговас.

"Саратова юьйцуш, кхето еза цо беш хиллачу белхан контест а, иза муьлхачу гонехь хилла а, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиига Кхузаман глобалан а, регионийн а пролебемаш толлучу "Кавказ. Мир. Развитие" центран президента Сиражудинова Саидас. Иза тешна ю Саратова шен мехкахь уггаре бIаьрлачу, тоьллачу зударех-юкъархойх хилла хиларх.

"Хеда даима ехара нехан гIайгIанашца, царна гIодан гIерташ. Цуьнан офисе яхча, я кхечу меттехь цьхьаьнакхетча, иза даима а хуьлуру адамашна юкъахь, хиламийн а, проблемийн а декъайоьдура иза даима а. Бакъду, Хедас шенна къастийнера ша бечу белхан дозанаш, шен белхан контекст, иштта, шайн-шайн некъаш бу бакъонашларъярхойн. Оцу тIегIанахь цо дукха наханна накъосталла дора", - элира Сиражудиновас.

  • Официалерчу биографино бахарехь, Саратова Хеда 1995 шарера дуьйна хилла йозуш йоцу журналист. 1999-2002-чу шерашкахь бакъонашларъечу "Мемориал" центрехь къахьегна цо, тIаьхьо куьйгалла дина юкъараллин "Пресс-Центрехь". Саратовас юкъарло латтадора Маршо Радиоца а, "Новая газетаца" а, дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошца а.
XS
SM
MD
LG