ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новосибирскехь лаьцначу Нохчийчуьрчу криминалан авторитетна лоьраш тIе ца буьту


Новосибирскехь лаьцна хилла нохчийн криминалан авторитет Солтаханов Бай-Iела вола а ца луш висина, катоьхна цуьнан хоттаргашна ян езаш операци ю аьлла, хаам бина "Сиб.фм" гIирсо, шайн хьостана тIетевжина. Иза дарбан цIийне охьавилла дуьхьал бу хIетте а колонин белхахой.
"ЧIагIйинчу режиман зонехь" латтош ву иза шийлачу камера чохь.

Хьалхо Маршо Радионо яздира, криминалан авторитетна 8 шарера 15 шаре кхаччалц хан кхачайо, иштта, пхи миллион сом гергга гIуда а догIу аьлла.

"Талламна къаьстина, стохка Дечкен-баттахь дуйна криминалехь лахара статус йолу нах шен куьйгакIел берзо гIерташ, царна тIе цхьацца омранаш дохкуш, зуламе ламасташ даржош, криминалан девнаш дерзош, Новосибирскан кIоштахь тIеIаткъам беш лелар", - хаамбинера Новосибирскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центро

2006-чу шарахь цхьа могIа талорашца тIелетарш дарна таIзар дина ву иза: шен накъосташца цхьана нах бехачу хIусамашна тIелетарш дина цо.

Мел лахара а 18 стаг хилла цуьнан тобанехь, шайлахь милицин а, антитерроран центран а хилла белхахой а болуш, яздора "Известия" газетано. 30 сов тIелетарш а деш, къоланаш дина цара мехкан кеп-кепарчу кIошташкахь.

Иштта, гIирсо билгалдаккхарехь, ницкъ а бина, бехк тIелоцуьйтуш мукIарло дайтинера шега бохуш, къар ца лора Солтаханов кхелехь.

Цуьнан адвокаташа чIагIдора, милицехь "стажер" вара иза, лакхарчу даржашкахь болчу нехан тIедахкарш кхочушдеш хиллера цо, ша зуламхойн тобанехь вуйла а ца хууш, ткъа тIелетарш дар - спецоперацеш ю моьттура бохуш. И тIелетарш бахьана долуш Солтахановна I3 шо хан тоьхна, колонин шогачу хьелашкахь даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG