ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 20 дархо


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 20 дархо, вирус хааелла кхин а 423 стагаца.

Оьрсийчоьнан Iедалхойн официалан зерашца, Краснодаран кIоштахь COVID-19 уьнах кхелхина 14 стаг, Ставрополан махкахь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - цхьаъ.

Верриг а ун даьлла ву Къилбаседа Кавказехь 8 048 стаг.
Къаьсттина дукха бу вирус токхурш тIаьххьарчу 24 сахьтехь гучудаларца, Краснодаран кIоштахь - 137 дархо.

Краснодаран кIошт + 137 (39 570 ву пандеми яьржичхьана)
Ставрополан мохк+ 66 (48 170)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 66 (21 533)
Дагестан + 40 (30 109)
ГIалмакхойчоь + 28 (19 272)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 25 (19 306)
Къилбаседа ХIирийчоь+ 26 (15 916)
ГIалгIайчоь + 13 (14 857)
Нохчийчоь + I2 (11 389)
Адыгей + 10 (13 879)

Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирус токхуш верг 234 001 стаг ву. Iедалхойн хаамашца, йоллу Оьрсийчохь 4 333 029 дархо ву лазар токхуш.

Оьрсийчоьнан официалан статистикана юкъа далийна аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG